Цкъа а дов ца дора Де́цас, амма иза оьгӏазйахарна, цунна цатам берг шайгара даларна кхоьрура бе́раш. На́нас дов дича а, тоьхча а, Де́цас ре́за йо́цуш аьллачу цхьана дашо санна ва́га ца вора. Шайн де́ца ла́рар, цо о́лу хӏо́ра дош ме́хала, хьо́ме́ хетар дара иза.
Бе́раш компьютерна гона́ха йа телефонаш буйнахь гар ца дезачу Де́цас хаьттира.
– Мерзачу цӏа́замел мерза хӏун йу хуур дарий шуна?
– «Сгущенка», «сникерс», «торт» – охьайагарйора бе́раша шайна дага мел йо́гӏу марзаллаш.
– Уггаре а мерзаниг да́-на́на уллехь долуш дӏайаьллачу бе́раллах болу дагалецамаш бу шуна, Децин бе́раш.
– Де́ца, шу му́ха ловзура? Компьютер йарий шун?
Тайнигаш? – да́има а дийца хаза хӏуманаш долчу Де́це хаттарш дан долийра бе́раша.
– Компьютерш йа́цара, уьш йан а йа́цара хӏетахь. Цунде́ла тхо ловзура, уьдура, тайнигаш а тхаьш йора. Вежарша аннийн йаьшка вовшах а йоккхий, аннаш херхаца хадош, нисдеш ловзо «герз» дора шайна.
Тхо тӏом бечу «немцойх» а, «индейцах» а ловзура. Зудабе́раша поппарх, кӏадех пхье́гӏаш, тайнигаш йора, царна тӏейуха бедарш тоьгура.
Ше́ран хӏо́ра муьран ше́н-ше́н хуьлура ловзарш. Тхан а ма-йара Де́ца, вуно дика а йо́луш. Тхо тӏамах ловзуш шина де́къе декъалора, «немцойн» а, «советски салтийн» а то́банашка. «Тӏом» болалуш кертахь долчу божалан, буьнан, рагӏу́н, кертан, диттийн кӏа́жошкахь тхайна меттигаш лохий, дӏаловчкъийлаш йора о́ха. Йуха чуччахьовда дезара тебна ӏачуьра. «Тӏом» болабалар хоуьйтуш, цхьамма «Война началась!» аьлла мохь тоха безаш бара, амма и аларца ша́ волу меттиг гучуйолийла ца лууш, цхьанна а ца лаьара иштта мохь тоха. Кертахула цхьацца деш йа рагӏу кӏеларчу лохачу гӏентахь, тӏергӏан пазаташ йуцуш ӏачу Децина тӏедиллира оха и омра дар. Де́цас «Война начинал!» о́лура. О́ха хӏо́разза а гӏовгӏанаш йой шена хуъушшехь Де́цас доладолуьйтура тхан ловзар. Тхо иштта ловзура, – чекхдаьккхира Де́цас къамел.
– Де́ца, кхин а дийцахь, кхин а дийцахь!
«Индейцах» дийцахь. Царех му́ха ловзура шу?
– Индейцаш ӏамарк махкара ба́хархой бара. Дуккха а халонаш, харцонаш латтайора царна тӏехь це́ран