— Ахьа хӏун до, вижина ӏуьллуш ма вухьо? — аьлла, хаьттина Ченлерга хӏокху цӏахь висинчуьнга.
— Гай лозуш вижнера со-м, — аьлла, жоп делла бухарчо.
Шолгӏачу дийнахь а, кхин цхьаъ цӏахь а витина, талла бахана уьш. Цӏахь виснарг, юург кхехкийна воллуш, юха а веана схьакхаьчна наьрт-орстхо.
— Хӏей! —аьлла неӏар тӏехь.
— Вай! — аьлла араваьллачу цӏийндас.
— Ассалам ӏалейкум! — аьлла наьрт-орстхочо.
— Ва ӏалейкум салом! Восса охьа, — аьлла цӏийндас.
— Вуссур ву дера со-м, ахьа восса аьлча а, ма восса аьлча а, — аьлла, охьавоьссина, чувахана, охьахиъна астаг! наьрт-орстхо, шен астагӏчу пхьагалца цхьаьна.
Цӏийнда, яй охьа а биллина, галнаш схьа а яьхна, жижигах пхи дакъа деш воллуш, хаьттина наьрт-орстхочо:
— Ахьа хӏун до? — аьлла.
— Дӏаваханарг кхоъ ву, вайша шиъ ву, пхи дакъа дора аса-м, — аьлла кхо.
— Хьан пхи дакъа ца дакъа-м ца хаьара суна, — аьлла, катоьхна цӏийнда схьа а лаьцна, пхьагалан цӏоганах мерз а баьккхина, юккъерчу бӏогӏамах къоьвллина иза дӏа а вихкина, тӏаккха схьаэцна жижиг-галнаш дӏа а кхаьллина, айббина чорпин яй тӏе а мелла, шен астагӏ пхьагална тӏе а хиъна, ваьлла дӏавахана астагӏ наьрт-орстхо.
Дӏаветтавелла, схьаветтавелла халла васта а велла, яй а билина, цӏа чу нуй а хьаькхна, цӏе а латийна, юха а яй а оьллина, дӏавижина цӏийнда. Баьхкина цӏа кхаьчна талла бахнарш.
— Ахьа хӏун до, хьо вижина ма ӏуьллу?—аьлла, хаьттина Ченлерга.
— Корта лозуш вижинера со-м, — аьлла кхо.
Тӏаккха, кхоалгӏачу дийнахь, вуьш талла а бахийтина, Ченлерг висина цӏахь. Ченлерг яй кхехкийна воллуш:
— Хӏей! — аьлла неӏар тӏехь.
— Вай! — аьлла, араваьлла Ченлерг.
— Ассалам ӏалейкум! — аьлла наьрт-орстхочо.
— Ва ӏалейкум салом! Охьавосса, — аьлла Ченлерга.
— Вуссур ву дера со-м, ахьа восса аьлча а, ма восса аьлча а, — аьлла наьрт-орстхочо.
— Дера вуссур вац, аса ма восса аьлча-м!—аьлла, катоьхна, схьа а лаьцна, астагӏ наьрт- орстхо а, астагӏ пхьагал а чудигина, пхьагалан цӏоканах мерзаш а даьхна, наьрт-орстхо а, пхьагал а дӏа а дихкина, шен галнаш шелйолуьйтуш ӏаш хилла Ченлерг, накъостий цӏа бахкаре а хьоьжуш. Баьхкина цӏа кхаьчна талла бахнарш.
— Хьан гай лазийтинарг, хӏара варий? — хаьттина Ченлерга стомара цӏахь висинчуьнга.