Кийрара жима дог
Безаман суй кхетта,
Цӏейаьлла, датталуш,
Бӏарзделла, детталуш,
Хьогара до́цург, кхин
Тӏекховда гӏо до́цуш,
Безамо катоьхна,
Хьовзийча де доьхна;
И дуьтар дарий ахь,
Хьаста дош ца ала,
Шийлачу маьхьарца
Цу цӏергахь сада́ла?
Хьежалур йарий хьо,
Цу цӏаро и морцуш,
Хьайн бӏаьргех ӏаьвдина,
Хин-цинцаш ца хьорсуш?..