— Ас уьш дешна ларахьа, ас тӀаьхьа доьшур ма ду уьш.
Оцу хенахь ша лаьцна Ӏа леска цӀеххьана тохалуш хааделира цунна. ЧӀогӀа а, сиха а тохадалар дара иза.
«Шен тур оцу лесканах мӀара тесначу серех детташ бу хьуна иза, — дагадеара цунна. — Мацца а цкъа и, хьала-охьа а, дан дезаш ма дарий цо.
Иштта дера хилахь, кхин цкъа хьалакхоссабала а мега иза, и дара хьуна хӀинца суна оьшург. Шен го а туьйсуш, ӀадьӀахьара иза. Мелла а хӀаваъ дезаро кхоссаболуьйту чӀара хьала. Амма, хӀоразза кхосса мосазза ло, чов шорлур йу цуьнан, тӀаккха мӀара тасабеллачуьра схьабаларна кхерам бу».
— Хьала ма кхоссалолахь, ЧӀара, — элира цо. — Варийлахь, ӀадьӀелахь.
Йуха а мосазза леска тохалуш хааделира воккхачу стагана, хӀоразза шена и тохайалар хаа маделли, воккхачу стага кӀез-кӀезиг малйора леска.
«Цуьнан лазар ма-хуьллу дайдан хьажа веза со, — ойла йора цо. — Сайниг-м кӀад а дацара. Сайниг-м соьга лалур дара. Амма иза лазаро хьерабоккхур бу».
Цул тӀаьхьа жимма хан йаьлча, чӀара йуха а меллаша шен гонаш тийса буьйлира. Ткъа воккха стаг кӀез-кӀеззиг леска гулъеш вогӀура. Амма йуха а дог малдала дуьйлира цуьнан. Шен аьрру куьйгаца хӀорда чуьра хи а эцна, корта башийра цо. Йуха а хи а тоьхна, меллаша шен ворта хьекхо велира иза.
— Тхьуздалар даций суна хӀинца, — элира цо. — Кестта хьалабер бу иза, делахь а кхин а сатохалур ду соьга. Сатоха-м деза хьан. Къарвалар хьайна дага а ма даийталахь.
Голица гӀикхан мердукъа тӀе а тевжина, леска йуха а шен букъ тӀехула охьанисйира цо. «Цо йуха го тоссушехь, жимма голаш тӀе а хиъна, йал йийр йу ас, тӀаккха, го гатлуш, хьала а гӀаьттина, къахьега дезар ду», — сацам бира цо.
Ша дӀатарделлачохь Ӏилла диса лаам боккха бара кӀадделлачу дегӀан. «ХӀун дара, и леска тӀе а ца озош, оцу чӀеро кхин а эрна цхьа го тасарх?» — бохура цо. Амма леска маллуш шена гича, воккха стаг, когаш тӀе хьала а гӀаьттина, шен хьал ма-дду иза тӀеийзо вуьйлира.
«Сайн оьмарехь оццул кӀадвелла хилла вац-кх со цкъа а, — ойла йора цо. — Делахь а, сан аьтто бан, мох бу гӀоттуш. Цо мелла а гӀодийр ду суна, кхана и дӀахьош. Тахана санна, суна и оьшуш хилла-м бац».
— Цо йуха го тосуш йал йийр йу аса, — элира цо. — Цу тӀе а, хӀинца мелла а гӀоли хета суна. ТӀаккха кхин а цхьа кхо-биъ готесчахьана, и чӀара вайн хир бу-кх хьуна.