— Xӏapa хӏун адам ду? — аьлла.
Йоӏа, ӏаьржачу стага шега ма аллара, дӏадийцина. Тӏаккха Вуьсу йуха а дӏавижина, айхьа иза самавоккхуш, со а ваккхалахь сама, йоӏе а аьлла. Дукха хан йа́лале, новкъа схьабо́гӏу замой гучубоьвлла. Йоӏа чехкка ӏаьржа стаг самаваьккхина. Ша́ самаволлушехь, оцу бо́гӏучарна йукъа иккхина ӏаьржа стаг, карахь даьккхина тур а долуш. Ша́ самаволлушехь, хьалаиккхина царна йукъа хьаьдда Вуьсу а.
Зуда йа́лош бо́гӏучу замошна йукъа иккхинчу Вуьсус, тур диттина, хӏаллакбина уьш. Ца́ра да́ло нускал а, хьалха хиина йо́гӏу гӏарбаш а схьайаьккхина цо.
Самаваьлча, оцу тӏевеанчу ӏаьржачу стага бехк баьккхина Вуьсега:
— Да́къаза ма ва́ла хьо, ма дин делира ахьа су́на иштта гlo. Xӏapa, соьца нускал къуьйсуш болу замой, кхузза бохийна аса, хьо санна цхьацца йукъа а эккхий, гӏуллакх дохош. Xӏapa йоӏ сайн хьуьнарца ца йаьккхина аса. Хӏинца хьайна йита xlapa.
Вуьсус ӏаьржачу стаге аьлла:
— Хьо су́на улло́ а веана, охьавижне́ра, цунде́ла сан хьа́ша ла́рало. Хьу́на гӏодархьама дара сан, хьайн мостагӏашца ахьа бечу тӏамна йукъа вахар. Хьайн нускал а еций, дӏагӏо хьо!
— Йига йиш йац сан. Аса йина чӏагӏо чекх ца йели сан, — аьлла, и зуда а йитина, дӏавахана ӏаьржа стаг.
Тӏамца йаьккхина хаза йоӏ а, цуьнан гӏарбаш а, хьалха наьрт-орстхо а вийна, цуьнгара йаьккхина ворхӏ вешин йиша а йалош, цӏа вахана Вуьсу.
Цӏа ма кхеччинехь, ворхӏ вешин йиша шел жимах волчу вешина а йитина, э́лан йоӏ а, гӏарбаш а шена йитина цо. Цул тӏаьхьа шен вукху вежаршна а зударий балийна Вуьсас.
Уьш бертахь ба́ха хоьвшина.
Цхьа зама йаьллачу хе́нахь, вежарийн хӏо́ранна а доьзалш кхиа боьлча махкана паргӏато а йезна, гондахьа маьӏ-маьӏне йарташ а йехкина, ба́ха хоьвшина уьш.
Вуьсу Цӏонтарахь ве́хаш висина, воккхах волу ваша хиларе терра. Цул жимах верг, Эрсана-коьрта вахана, кхоалгӏаниг — Гур-дукъахь ва́ха хиъна, воьалгӏа ваша — Энгана- дукъахь ва́ха хууш, иштта дӏайсхьай баьржина, керла мехкаш схьа а лаьцна, ба́ха хоьвшина Вуьсий, цуьнан вежарий.