Воккха стаг ву ло́махь ве́хаш, бӏаьрзе стаг ву,
Амма цунна девза некъаш, сица са гуш.
Цо хьожанца билгалбо́ху не́хан кхерчаш,
Йевза эвлахь хӏо́ра стега куьйга бе́рчаш.
Жима волуш, даг чохь мерз цкъа лазабаьлла,
Цо, бӏаьрзечу бе́ро, ло́ман илли аьлла.
Хӏетахь дуьйна, гӏо́ра эшарх, хеташ онда,
Цо цхьа ваша ле́рина ше́н дечиг-пондар.
Шолгӏа ваша ле́рина цо докхан ӏа́са,
Хийла телли, хийла толлу некъан а́са.
Уьш ше́н мехкан цӏийх схьадевллий хаьа цунна,
Халкъан синан къайле йевзаш ве́хачунна.
Го уьш ло́махь о́хучарна, оручарна.
Го уьш керла бӏешо довза бо́гӏучарна.
Цхьана на́нас кийрахь кхаьбна кхо бе́р санна:
Некъан ӏа́са, дечиг-пондар, воккха стаг а.
Су́на гина, су́на го уьш сайн Даймахкахь,
Со сайн некъах чекхсагарна кхаьрда тӏаккха —
Иштта безам, иштта тешам лохьа су́на.
Да́хар! Да́хар! Кхин хӏун оьшу ве́хачунна?!