Со ца везначаьрга а́ла, со дӀавоьду,
Со мел везначаьрга а́ла, со дӀавоьду,
А́ла, со дӀавоьду — кха́на вухаверза,
Дерриг дуьтуш хьу́на — дуьтуш къинан терза.
Со дӀавоьду хӀинца, тийна къайлаваьлла,
Айса мел гулдина дика бале даьлла,
БӀаьргаш бӀаьрзе хилла, лергаш хилла къора,
Кхе́та ха́ла хиллачу кху да́харх тилла.
Со дӀавоьду хӀинца, шу дохий ма хьийза,
Луучунна хӀуъа хир ду сох дийца,
Лаахь, хир ду вон а, дика хир ду а́ла,
Муьлхарг оьшуш хилла, къастор ду аш кха́на.
Со цавезначарна со къахьвина ваьлла,
Со мел везначарна со марзвина ваьлла.
Со дӀавоьду хӀинца, марша Ӏойла, аьлла.
Сил а безна бо́да тховса бале баьлла.
Сайн маьттаза хилла некъаш дина ваьлла,
Мацах хьох тешна, тахна дохко ваьлла,
Со дӀавоьду, буьйса, воьду дийнахь ва́ха,
Туьйра дуьтуш хьу́на, сайна къинош да́ха...