Синхаам тӀекӀел а баьлла,
Соцур бу ша́ боллучохь,
ЦӀеххьана меттах а даьлла,
Хьовзеор ву хьо доллучео.
Дужур ду, тӀе́маш а да́гош,
Кхетаман син олхазар.
Лаьтто а, стигланаш Ӏа́доуш,
Го боккхур бу борхӀазза.
Кхойкхур йу хьоь вина на́на:
«Ма ва́ла хьо да́къаза,
Ма лехахь ахь бо́цу ба́ла,
Хьо ирсах ма ваккхахьа!»
Цунах хьо кхе́тар ву дика:
Не́нан дог, и иштта ду.
Амма хьайн некъан чам хиъна,
Де́къаза хьо ирсе́ ву.
Йуха хьоь кхойкхур йу зуда:
«Ахь йаьккхи со да́къаза, .
Ба́ла бац хьайн лаьттан уьрдан,
Ца хаьа сом да́ккха а».
Цунах а кхе́тар ду дог хьан:
Зуда а и зуда га-кх.
Амма хьан де́кхар ду доккха,
Комаьрша хьо сутар ву.
ТӀаккха хьоь кхойкхур йу хӀусам,
Хьо вина, кхиийнайерг:
«Верзахьа, верзахьа йуха,
Са кхачо хьо кхиале!»
Цунах а хала дац кхе́та;
Цо йуьйцург ше́н йовхо йу.
Йуха а, йуха а леташ,
Хийламма хьо човхор ву.
Хийла хьо ворур ву, амма
Са кхачо ницкъ кхо́чур бац:
И синан кӀезгалла хилла
Йаьккхина ахь ко́чара.
Накъост а во́цуш, хьайн букъ тӀехь
Ахь лайча и де́лан Ӏад,
Хьан де́ган Ӏаьршашна йуккъехь
Кхе́тар ду цхьа стелаӀад.
Цкъа мацах, цкъа мацах хьалха
Кхетамза ахь къастийна
Илланчийн къийсаме да́хар
ВорхӀ басахь цо къа́гийна.
Кхин цхьаъ а йеза гӀулч йаккха
ГӀаттор ву хьо къийсамо!
Кхин цхьаъ а лекха гу баккха
Ойур ву хьо сийлалло!