– И кӏелхьарваьккхинарш?
– Уьш а, бевдда, Нохчмахка бахана.
– Дукха буй?
– Ах бӏе гергга.
– Йуьртара бисина нах хӏунда ца лецна аш?
Капитан воьхна хьаьвзира.
– Цкъа-делахь, уьш бехке бацара, шолгӏа-делахь, сайн гарнизонан ницкъаца со ца хӏоьттира и дан. Нохчмахкахь тийна дац бохуш, хаамаш а кхаьчна соьга.
– Хӏун ду цигахь? Суна хӏунда ца хиъна?
– Соьга а хӏинцца кхаьчна и хаамаш. Бух болуш хӏума дац, амма хӏокху деношкахь адам ӏедалца эвхьаздийла доьлла, боху. Хьанна хаьа церан дагара…
Полковник йуьрта кхачале, хаьхкина тӏаьхьавеанчу гарнизонан салтичо шен начальнике хаийтира, ах сахьт хьалха тӏелеттачу ламанхоша дежийлаш тӏера обозийн ши бӏе ах бӏе говр йигна, тӏелатар диначу хенахь хиллачу кхийсаршкахь шиъ салти а вийна аьлла.
– Хӏара-м баккъал а бунт ма йу! – йаппарш йира полковника. – Муьлхачу агӏор йигна уьш?
– Зандакъехьа, хьан оьздалла! – вулавелира салти.
Батьянов таро йоьхна хьаьвзира. Къушна йа мятежникашна тӏаьхьабаккха тоъал кхузахь ницкъ бацара цуьнан.
– Господин поручик, сихха Хаси-Юьрта йухаваха дезар ду хьан, – кисанара йаьккхина, блокнот схьа а йиллина, масех дош тӏе а йаздина, кехат шен адъютанте Рыжковга кховдийра цо: – Майоре Козловскийга. Цигара гӏумкийн сотня йахийта кхузара дӏа уггар гергахь йолчу нохчийн йарташка. Цаьрга дӏахаийта, лаьхкина говраш шун махка тӏехула йигна, иза шу декъахь доцуш хилла дац, цундела жоьпалла шуна тӏе дужу, шун йурт йохо тӏаьххье догӏуш эскар ду алий. Цул сов, кхоъ батальон сихачу маршаца схьакхачийта а ала, кху агӏонгахьарчу нохчийн йарташка йахийта.
Батьянов Кешане-Юьртан майдана кхаьчча, чӏу йукъа а гӏур боцуш, луьста лаьтташ адам дара цигахь… Божарий хилла ца ӏаш, гондӏарчу керташца хӏиттина зударий а цхьаьна. Дошлойн отрядца полковник гучуваьлча, гӏугӏ доккхуш, хӏорд санна, техкира адамийн кортош. Дуьхьала хьаьдда веана йуьртда а, цуьнца масех хьолахо а, воккха хьаькам шайга вист ца хилахь а, вела ца къажахь а, шайга а хьаьжна, корта мукъане а ласторе догдохуш, кхерабелла, хьестало бӏаьргаш цунна тӏе а боьгӏна, дӏахӏиттира. Цхьана-шина жимачу стага, схьахетарехь, церан кӏенташа, ведда тӏе а веана,