кхеравеллачу йуьртдас.
– Шуна хӏунда ца хаьа, – тӏечевхира Батьянов, – шайн мера кӏелхьара кхо бӏе гергга говр йуьгуш? Хиъна а ца ӏаш, шун бертахь ма йигна уьш. ХІокху минотехь орца даккха къушна тӏаьхьа. Зандакъехьа дӏайигна уьш. Сарале говраш йуха ца йерзайахь, шуна дуьйцу а ца хезна таӏзар дийр ду ас йуьртана. Аш жоп дала деза шайн махка тӏехь хиллачу зуламах. Ӏедалан хьаькам а вийна аш, эскаран говраш а йигийтина. Шайна лаьий – йигнарш йухайалайе, шайна лаьий – шайниш схьало. Кхана Іуьйранна кхин къамел хир ду вайн.
Гӏайгӏане эгна нах а битна, майданара дӏавелира Батьянов. Улло иккхинчу йуьртдас дехар дира цуьнга, чай мала чувола аьлла, амма Батьянов цуьнга дӏа а ца хьаьжира.
Полковникан хабаре леррина ладоьгӏура Янгӏулбис. Тергалбора цуьнан хӏиллане бӏаьргаш. Цуьнан леларх Янгӏулби кхийтира полковник цхьа тешнабехк кечбеш хиларх.
Урамо гола тухучохь Батьянов къайла ма-веллинехь, шен накъостий схьа а лехна, йуьртах вала сихвелира Янгӏулби.
Суьйранна хилира иза шекваьлларг. Хаси-Юьртара схьакхаьчначу гӏумкийн бӏаьно а, салтийн шина ротано а, йуьртана го а бина, хӏор а итталгӏа боьрша стаг лаьцна дӏавигира…
Тӏерга-Дукъахь баьччанийн тӏаьххьара кхеташо хиллачул тӏаьхьа даьлла пхи де сацам-тем боцуш дӏадахара ӏаьлбаган а, цуьнан герггарчу гӏоьнчийн а.
Нохчмахкахь гӏовттамхойн тобанаш вовшахтохар Солтмурданий, Сулиманний, Гӏубхиний, ӏабдул-Хьаьжиний тӏе а, Аьккхахь дерг Янгӏулбих, Органца лакхахь дерг Залмин Дадех а тешийна, ша Салатаве а, ӏаьнда а ваханера ӏаьлбаг.
Цигара стомара цӏа вирзина иза, массаьргара хаамаш гулбина, тахана Гати-Юьрта веанера, гӏаттам дӏаболоран гӏуллакхан хьокъехь тӏаьххьара а Берсеххий, Коьреххий дагавала.
Къайсаран хӏусамехь гӏийла богучу стогаро кӏуьран къаьхьа дохк хӏоттийнера. Баьрчехь маьнги тӏехь кенийн гӏайби тӏе а тевжина Іуьллучу Берсе, йухайерза ца туьгуш, йовхарш йогӏура йукъ-кара. Хьешаша пхьор диъча, царна хьалхара шун дӏа а даьккхина, бераш а эцна, Айзагӏаьрга йахара Макка.
Цӏа чохь шаьш бисира божарий.
Арахь а, бешахь а, урамца а ха деш лаьтта Болат, Юсуп, Іумар а сема вуйла а хьаьжна, чувеана Къайсар, неӏаран соне топ а