элира Къайсара. – Гӏаттам сихбан беза. Гена ца тоьттуш.
– Хӏан-хӏа, иштта сихдала а ца оьшу, Къайсар. Кхузара эскарш цига дӏадуьгур дац-те? Ах мукъане а. Ладугӏур вай. Тӏе, вайн кечам хилла а ца баьлла. Иттех де хан оьшу вайна хӏинца а, – сацийра иза Берсас.
Церан къамел йукъахдаьккхира неӏаре веанчу Юсупа.
– Цхьа стаг ву Іаьлбаг лоьхуш веана.
– Мичара?
– Акхташ-Эвлара ву, боху, ша.
– Цӏе?
– Янгӏулби.
– Чуваийта.
Мухха делахь а, Янгӏулбин цӏе ма-йаьккхинехь, кхийтира Іаьлбаг цуьнан вар лаа цахиларх. Тера-мерчу гӏуллакхна ӏеламхана йуьйцур йацара хӏара вахана меттиг, йа Янгӏулби а лелар вацара хӏокхуьнан лар эккхийна.
Зоьртала Янгӏулби, йерриг неӏсагӏа дӏалоцуш чу а ваьлла, салам делла, цӏенкъа йуккъехь сецира.
– Ахь хӏун до, Янгӏулби, хьо лаа лелий? – хаьттира сагатделлачу ӏаьлбага, тӏе-каре чекхйаьлча.
– Лаа вац, ӏаьлбаг-Хьаьжа, лаа вац… Хийра нах-м бац чохь?
– Бац. Берриг вешаниш бу.
Янгӏулбис дийцира Кешанахь хилларг.
– Хаси-Юьртара даийтинчу эскаро нах лоьцуш бу цигахь, – чекхдаьккхира цо.
Цецбевлла уьш цхьана йукъана бист ца хуьлуш бисира. Оцу гӏуллакхо галдохура цара дан билгалдинарш.
– Ой, хьо а, хьан накъостий а мичахь бара? Аш хӏунда хилийтира и гӏовгӏа? Хӏун пайда баьлла укурган хьаькам верах? Цуьнан метта кхин хир ма ву, – оьгӏазвахара ӏаьлбаг.
– Цӏеххьана хилира иза, – воьхна жоп делира Янгӏулбис. – Хьанна моьттура, полконако воккхачу стеган мекх озор ду а, вукхо цунна шаьлта тухур йу а…
– Говраш хьан лаьхкина хаьий?
– Хаац. Лар Зандакъойн дукъа йахана.
Яьссел дехьарчу регӏа тӏехула пастанан цастарх тера керла бутт гӏеттира. Лулахойн кертахь йишхаьлла лета дуьйлира къена жӏаьла. Цӏенна тӏехьа, гу тӏера охьа, бус-буса а санна, шен кӏант цӏа кхойкхуш, цІогӏане мохь беттара Банатас.
Керла хаамаш тидаме а эцна, ӏаьлбага дийцаре хӏоттийра гӏаттам болоран гӏуллакх.
– Суна хетарехь, вайн барт ӏедална гучубалале, гӏаттам боло беза, – элира Янгӏулбис. – Селхана тхан эвлахь хиллачу гӏуллакхо дуккха а нах лоьцуьйтур бу Аьккхахь. Царна йукъа вайн накъостий нисбала а тарло. Ваьш кийча хилча, гӏуллакх дӏатетта оьшурий-те?
– Хьуна ма-моьтту, атта а дац иза, – шого вистхилира ӏаьлбаг, – кечам бац вайн.