тесна, цуьрриг ийза а ца луш, бага а гӏаттийна, дегӏ саттийра. ТІаккха, кӏадваларна делахь а, шен базбелла къорза бӏаьргаш дуьхьал лаьттачу Асхьадна тӏебуьйгӏира цо.
– Кӏанттий? Кхузахь талмач лаьттинарг-м вац хӏара?
– Ву, хьан оьздалла, – ши ког вовшахтухуш, вайн сужде вахара Асхьад.
– Хьан цӏе…
– Асхьад Хортаевич, хьан оьздалла.
– М-м… Хортаевич,– мара лекхира капитано. – ХІета, ӏедалан декхар баккхалх хийцинарг ву-кх хьо? Эрна ду, господин йуьртда. Хьуна хӏун моьтту, хьайн бахам даим оьрсийн цхьамзанаша ларбийр бу, моьтту хьуна? Оха, ӏедал кара а делла, хьо охьахаийча, хьо хьал долуш а хилча, цхьа кӏант эскаре хІотто а ца лаьа хьуна? Мел хьекъал долуш а ву! Ахь деши гулде, господин совдегар, оха – хьой, хьан деший ларде! Йуьртахь цхьамма уьрсан мӏаьчиг баттара йаьккхича а, хьо тхо долчу «хьошалгӏа» хьада! Хӏан-хӏа, Хурда, цунах гӏуллакх хир дац. Хьайн цӏийнах летта цӏе йойъуш хьалха хила веза хьо!
Хортӏа воьхна хьаьвзира. Кӏез-кӏезиг тӏунлуш, хьацар даьлла къега дуьйлира цуьнан шуьйра хьаж а, кхалкъе беснеш а.
– Хьан оьздалла, цхьа кӏант туркошца тӏаме вахана сан…
– Хаьа суна! – куьг ластийна, йукъахваьккхира иза капитано. – Цаваьллачу денна вахийтина. Хьайн Іедална кӏел долу адамаш дахийта ницкъ ца кхаьчча. Дуьтур вай уьш. Дукха буй шун йуьртахь мятежникаш?
– Шаверг! – Хортӏа векхавелира, къамел хийцаделча. – Йалхитта шарера хьала массо а. Цхьа къена нах боцурш. Уьш а Іа, шаьш болччохь цергаш хьекхош.
– Хьалдерш ткъа?
– И цхьа иттех цӏа доцург, бохий ас-м…
– Уьш хӏун деш бу?
– ӏедалан омране ладоьгӏуш Іа…
– Стенна оьшу ӏедалан омра? Оцу иттех цӏийнах маса боьрша стаг ву? Ткъа хир вуй?
– Ткъе итт а хир ву…
– Шу ткъе итт стаге ца совцалора мятежникаш? Хьовззийна схьа а лецна, когех гӏоьмаш тоьхна, охьа хӏунда ца балийра аш?
– Ца кхиийра тхо…, – корта охьабахара Хортӏин.
– Ца кхиийра! Довда сихделла, ца кхиийра-кх. Кхана шайн цӏенош дага доьлча, хуур шуна. Ткъа ахь, Ахмед…
– Асхьад Хортаевич…
– Хӏун башха йу Ахмед, Асхад… Гати-Юьртарчу мятежникийн список хӏоттайе суна. ХІораннан цӏарна дуьхьал цуьнан дакъалацаран дарж дуьллуш. Кхийтин хьо? Ткъа ахь, господин йуьртда, хьайна тӏера бехк дӏабаккха дезар ду