Бӏаьштиггий а волуш, майдана дӏахІиттира.
Цӏерш кхайкхийна кехат деалха а тоьхна, Чаьлтага гӏовталан хьалхарчу шуьйрачу кисана диллича, хӏетталц тийна ладоьгӏуш лаьттинчу нахана йукъахь маьхьарий девлира:
– ЦІахь саца бохург хӏун ду? Со боьрша ца хета хьуна?
– Со астагӏа хилча, хӏун ду? Довда доьлхуш-х даций шу?
– Сан цхьа пхьарс сакхат хиларх, важа ма бу тур тухур долуш…
Гӏовгӏанаша къарвинчу Акхтас, шед буйнахь куьг хьала а лаьцна, оьгӏазе мохь туьйхира:
– Маьхьарий ма хьекхийша, хӏай нах, хӏай! Аш лелориг хӏун ду? Хьайбанаш-х даций шу! ЦІоганна тӏера тоькан мо шарбалаза берш а, къаналла хӏазарш хилла лаьттарш а йукъагӏертийца! Вай дерриг, топ-тур эцна, йуьртах девлча, хӏун хир ду? Веана, мостагӏ тӏелетча, йурт ларйан нах ца беза вайна? Хьалхарчу дийнахь а оццул низамах доьхна, барт боьхна вай ӏедало, хӏупъаьлла, даржор ду. Сан омрина дуьхьало йиначу стагана таӏзар хир ду шуна. МІаьчаг! Васал! Массарел хьекъале хила веза шуьшиъ ву уггар чуьраваьлла хьийзарг? Тоьур ду, шун кӏентий баьхкича. Нагахь гуттар а шуьшиннан когаш кӏамбеллехь, ас Акхболатан Ахьмадан гӏоьнча хӏоттаво шуьшиъ. Аш кхааммо жоп лур ду суна кху йуьртах. Кхийтин шу? Нагахь оцу гай тӏехь мохь йолчех стаг йуьртара аравала гӏортахь, уьш массо, схьа а леций, чубохка. Ахьмад, байракх схьайаийта! Ӏелин ӏумар! Хьо хӏоттаво ас сайн бӏаьн байракхча!
Хӏетта, уьрсаца чкъор дӏадоккхуш, цӏена цӏанйинчу ши аьрша чалдамна тӏе йихкина жима байракх карахь Акхболатан Ахьмад маьждиган неӏарх араваьлча, дӏаса а бекъабелла, цунна готта некъ битира наха. Чалдамна буьххье тесна кӏадийнан цуьрг шена тӏейохьуш, дегӏе зуз хьаьдира ӏумарна. Иза хӏунда къастий-те оцу ах бӏе стагана йуккъера? Хьалха къийсамехь бахчабелла а, хьекъалний, ницкъаний цул совберш а битина.
Хӏинццалц аддамана мичахь ву а ца хууш лаьттина, вуьрхӏитта шо а кхачаза волу иза… Массарна а хозуьйтуш, мохь туххуш Акхболатан Ахьмада аьлла масех дош цхьа гӏенах санна хезира цунна.
– Абубакаран ӏелин ӏумар! Тахана вай дӏадолийнарг хьан дас ӏелас вовшахдиттина гӏуллакх ду. Тахана ша цӏахь велхьара, Нохчмехкан тхьамданех цхьаъ хир вара иза. Хьан да лоруш, цуьнан сийнна, вайн