килсан мозгӏаро Викентийс жӏараца декъалвира, коьртара схьайаьккхина фуражка кара а лаьцна, шена хьалха хӏоьттина командующи. Тӏаккха цунна тӏевеара округан къеда Юсуп. Цул тӏаьхьа инарлин куьг лецира меттигерчу инарлаший, лакхарчу эпсарший.
Гӏалин мещанаша, шена хастамбеш, детта маьхьарий тергал ца деш, инарлица Вибергаций, элаца Эристовций округан канцеляри чу вахара Александр Павлович. Шаьш кхайкхаре а, эшаре а ца хьуьйсуш, тӏаьххье чубахара инарла-майор Чермон Орца а, полковник Беллик а. Царна тӏаьххье – хӏинца а къона, элдара дегӏара округан къеда Юсуп, милицин полковник Къурмин Къосам, милицин подполковник ЧІуьлган Оьлаби а, майор Мустафин Девлат-мирза а.
Областан начальник логера чимчаргӏа дӏадаста а кхиале, тӏехьаьддачу Мустафин Девлат-Мирзас цуьнан белшаш тӏера некъан плащ дӏаийцира, ткъа ЧІуьлган Оьлабис – фуражка. Пенаца кхозучу императоран суьрта кӏел тӏе ӏаьржа тӏаьрсиг оьзначу кӏедачу, доккхачу кресли чу везза охьа а хиъна, ирахь лаьттачу лакхарчу эпсаршка бӏаьрг туьйхира Свистуновс. Цуьнан хьажар шайна тӏе мел нисделларг, ӏад санна, вулалой, муьтӏахье вогӏалора. Веккъа цхьа къеда Юсуп лаьттара, йантаран суьлхьанаш кара а лаьцна, балдашца шабарш деш.
– Охьаховшал, господа, – элира инарлас, корта а ластош. – Господин Эристов, нагахь делахь, керланиг дийцахьа доцца.
Хӏетта охьалахвеллачу дегӏана зоьрталчу эло Эристовс, стоьлан йисте ши куьг гӏортош, хьала а гӏеттина, сирдала доьллачу мекхех куьг хьаькхна, йайн йовхарш туьйхира.
– Хьан локхалла, тӏаьххьара кхаьчна хаамаш хӏумма а вай даккхийдедеш бац, – долийра цо, хьалха ӏуьллу папка схьа а йиллина, цунна йукъара кехаташ а кегош. – Бенойн йарташкахь мятеж йолайелча, полковнико Аваловс, гӏуллакх машаре дерзо ойла йолуш, Цӏоьнтара а вахана, гондӏарчу йарташкара халкъо лоруш болу нах бахийтина ӏаьлбагна тӏе, гӏуллакх, генадалале, дӏадижаде аьлла. Амма мятежникаша уьш тӏе ца эцна. ТІаккха полковнико Аваловс, Веданара кхайкхина, Курински полкан шиъ рота йалийна ЦІоьнтара. Кхоъ ах бӏе цхьамза. Амма, ша лелочух мятежникаш ца кхералой хиъча, цаьрца девне вала а ца ваьхьна, шен отрядца Эрсана