йу, хьан локхалла, – элира мозгӏаро, куьг тоьхна, маж шина декъе а йекъна. – Дегнийн къайленаш Даллий бен хаа йиш йац. Ткъа со Делан лай бен вац.
Инарлин хьаьжа йуккъе шад хӏоьттира.
– Вай дерриг ду Делан лайш. Амма, цул сов, вай паччахьан йалхой хилар а ма дицде, да Викентий.
– Цунна а хастам кхайкхабо ас денна…
– Хастамаш баро чІагӏбийр ма бац ӏедалан а, килсан а бух, – элира Александр Павловича. – Хьуна хаа ма йеза хьайн умматан деган къайленаш.
Мозгӏаран корта охьабахара, шуьйра маж некха тӏехь шалха а кагйеш. ТІаьххьара кӏур а баьккхина, цигаьрка, хьакхош, чимтосурга чу а таӏийна, хьалагӏеттира командующи.
– Ас къайлах цхьа масех дош ала кхайкхина шу, господа, – элира цо, ши куьг букъа тӏехьа лаьцна, чухула дӏаса а волалуш. – Империн арахьара йукъаметтигаш а, чоьхьара хьал а шуна дика хаьа. Вайн тӏом цхьана Турцица хилла ца ӏа. Вайца даррехь тӏом беш йацахь а, амма массо агӏор туркойн гӏо лоцуш а, вайца мостагӏалла лаьцна а йу Европера йерриг пачхьалкхаш. Иза цхьаъ ду. Амма хӏокху халачу муьрехь цуьрриг а дика дац мехкан чоьхьара хьелаш а. Революцин ун ду дено-дено даьржаш. Йарташкахь муьжгий а, гӏаланашкахь белхалой а дуьхьалбуьйлу Іедална. Тешам бац кхузарчу оьрсийн муьжгех а.
Гӏантан гӏовла шина буйна а ӏаьвдина, сецира командующи.
– Нохчий гӏевттина. Вайн ледарлонна! Цара къайлах бузу маша шен хеннахь вайна цахаабаларна. Ма мотталаш, церан гӏаттам тӏамца зӀе йолуш бу. Туркошца цхьа а тайпа зӏе йац церан. Туркойн цхьана а эмиссаран лар ца йеана Нохчийчу. Иза цӏена бакъдерг ду. Гӏаттам цара шаьш кечбина. Вайн мера кӏел, вай дийшина Іохккушехь… Вайн гӏалат нисдан цхьа некъ бу: мятеж сихонца хьаьшна дӏайаккхар. Амма оцу тӏехь вайна новкъарло йан тарло меттигерчу оьрсийн бахархойн цхьана декъо. Ас буьйцурш гӏалгӏазкхий бац, муьжгий а, салтий а бу. ГІалара муьжгий, лам чу а бахана, мятежникех дӏа-м кхетарг хир бац. Амма, мятежникаш гӏалина тӏелатахь, цаьргахьа ца бовлахь а, дуьхьало а-м йийр йац. Цундела, да Викентий, хьоьга цхьа дехар ду сан.
Александр Павлович, охьа а хиъна, мозгӏаран бӏаьра вогӏавелира. Шен ира-бехачу мера тӏера схьаэцна куьзганаш йовлакхца цӏандан хӏоьттира инарла Виберг а.