Хьалхатаӏа майрра! Хьалхатаӏа, Даймохк!
Ах гӏуллакх дина вай! Хьалхатаӏа!
Ш. Петефи
Тахана пхоьалгӏа де дара гӏаттам болабелла. Амма схьагучубаьлла хӏара бу аьлла кхиам бацара. Бакъду, Веданан округера йерриг йарташ дӏалецна Іаьлбага, цхьа Ведана йоцург. Амма иза башха кхиам а ца хета цунна. Хӏиццалц схьа хӏара ду аьлла цхьа а латар ца хилла паччахьан эскаршца. Цхьана отрядца Цӏоьнтара веана эла Авалов а, хӏара тӏекхача ма-воьллинехь, Ведана йуха а ваьлла, гӏопа чу къовлавелира. Хаси-Юьртара эскар а дац лам чу гӏоьртуш. Ӏаьлбаган кхин дан хӏума ца дисира, шена дуьхьало йен йуьртдай лецар бен. Ткъа цунах а толам ма ца хуьлу!
Цул сов, Органан лакхенца йолу йарташ а ӏа, ӏаьлбага долийначух хӏун хуьлу хьуьйсуш, ладоьгӏуш.
Оцу ойланашца Жугӏуртахула дукъаца охьавогӏура Іаьлбаг. Хӏара Нохчмохк а, Аьккха а, йерриг бохург санна, цуьнгахьа йевллехь а, тахана цунна тӏаьхьавогӏург пхи бӏе стаг бен вацара. Уьш а дукхахберш – кегийрхой.
Ӏаьлбаг санна, ойланаша дӏалаьцна, цунна тӏаьххье вогӏу Къайсар. Стенна делахь а, цхьа Овхьад ву цкъа а ца хиллачу тайпана хӏайте. Иза, шен гӏоьнча вина, шеца сацийна ӏаьлбага. Цунна оьрсийн мотт а, дешар а хаарна.
Хьалхахьа Іохку нохчийн йарташ. Нийсса дуьхьал – Майртуьпа; цунна гонаха, цхьана гулахь – Бӏаьчи-Юрт, иштта Курчалой-Эвла, Иласхан-Юрт, ткъа Курчалой-Эвлана генайоццуш къилбехьа – Эвтара, кхидӏа – Шела, Гермчиг, Гелдагана.
Оцу хӏор а йуьрто цхьана хенахь къонахий белла Нохчийчоьнна: Иласхан-Юьрто – Таймин Бийболат. Майртуьпара вара Бийболатан хьалхара гӏоьнча хилла молла Мохьмад. Курчалой-Эвлано велира гӏараваьлла Тӏелхаг. Ткъа гермчигхоша – ӏабдул-Къедар, ХІовка а.
Ӏаьлбага бӏаьрг бетта оцу йарташка. Цуьнан Симсара саннарш итт-ткъа йурт йер йу царах хӏораннах а. Муха тӏеоьцур-те иза нохчийн оцу йарташа? Болата дийцарехь, цигахь а цхьа къона нах бен бац маршонан гӏуллакхах дог лозуш. Ткъа Іаьлбага цига хьовсийначу Бенарчу Сулиман-Хьаьжас а, Сайдул-Хьаьжас а дийцарехь, кхиаме догдохийла йу. Амма Іаьлбагна хаьа, Гелдаганарчуй, Курчалой-Эвларчуй, Цоци-Юьртарчуй нахах эла Эристовс вовшахтоьхна