тоьпаш йевлира. Цхьа а низам доцуш, дакъошка а бекъабелла, хецна говраш хаьхкина богӏучу дошлошна генна хьалха, махо ӏаьржачу вертанан тӏемаш айъина, сирачу динахь цхьа бере вогӏура. Цунна масех гӏулч тӏаьхьавогӏучу беречун карахь йехачу гӏожа тӏехь махо ловзайора кхузара дӏа бос ца къаьста байракх. Йуьхьиг йуьрта тӏе кхаьчча, тоьпаш йевлира шина а агӏорхьара. Йукъ-йукъа хезара «йа Аллахӏ» бохуш детта маьхьарий. Амма уьш дерриг а къардора зударийн цӏогӏанаший, летачу жӏаьлийн гӏовгӏанаший.
Цкъачунна окопаш йаьхна, бертал бийшина салтий, тоьпаш хьалха а йехкина, йуьртахь хуьлучуьнга ладоьгӏуш ӏохкура. Цхьа эпсарш бара, къайленга ца уьдуш, йуьртахь хуьлуш дерг ган гӏерташ. Амма и хаа гӏерташ дукха ладегӏа ца дийзира церан. Цхьана эха сохьтехь кхийссарш йинчул тӏаьхьа, йуьртан урамашкахула схьагучубийла буьйлира хӏокхара йурт ларйан бахийтина нохчийн милиционераш. Гӏаш а, говрашкахь а, вовшийн гихь а, кочахь а ала мегар долуш, йухахьовса ца кхиош, бевдда Гумсал сехьалилхира уьш. Амма йухабевлларш йуьрта хьовсийначех ах бен бацара.
– Биснарш байина-те? – цецвелира Мылов.
Долгов кӏоршаме къежира:
– Мичара! Мятежникашкахьа бевлла-кх. Мича гӏерта хӏорш, уьстагӏий санна! Есаул Афанасьев! Совцаде и хьайбанаш! Йуханехьа, тогӏи чу лахка уьш!
Урх озийна, говр йуха а йерзийна, дӏахаьхкинчу есауло чухахкайала кийча лаьттачу шен сотнига мохь туьйхира:
– Теркахой! Суна тӏаьхьа!
Дерзина даьхначу таррашца шайн некъ хадош дошлойн сотня схьахахкайелча, хьалх-хьалхарниш совцуш, жӏомарг йина севцира йуьртара йухабевлла нохчий-милцой.
– Йурт дӏа хӏунда йелла аш, кӏиллой? – тӏечевхира царна Афанасьев, дин ловза а бохуш.
Массарна хьалха расхачу динахь, каралаьцна топ а, хаьнтӏахь кхозуш детица кхелина тур а долу дика вухавелла хьаьрса нохчо, схьахетарехь, лаамхойн бӏаьнча, боьхначу оьрсийн маттахь вистхилира.
– Уьш дукха бу, господин эпсар! Хьесап дина ца валлал!
– Шу царал кӏезиг дара ткъа? Хьо мила ву?
– Курчалой-Эвлара совдегар Ильясов…
– Мича бахана хьан ах нах?
– Зуламхошкахьа бевлла, хьан оьздалла…
Раз вирзина, туйнаш кхоьссира есауло.
– Неӏалт хуьлда шу девллачу денна!