батальон.
Цхьа чаккхарма тӏехьа резервехь севцира Тамански полкан кхоъ ротий, Соьлжан полкан гӏалгӏазкхийн сотняй. Нагахь Курчалойн-Эвлара схьа тӏехьашха тӏелатар дахь а аьлла, обоз вагенбургехь нисйина, иза ӏалашйан хӏоттийра Навагински полкан шолгӏа батальон.
Отрядо позици дӏалаьцначул тӏаьхьа, Нурида омра дира, йуьртана тӏе гранаташ тоха аьлла.
– Йуьртан йуккъе нисйеш, тӏетоха! Маьждиг дохо хьовса!
Дуьххьара кхоьссина граната, шок йетташ йахана, маьждигна тӏехула а йаьлла, дехьо охьайуьйжира. Шолгӏаниг сехьо сецира, ткъа кхозлагІчо хадийна дӏатесира момсаран ира буьхьиг. Дукха хан йалале, йуьртан маьӏ-маьІӏехь цӏераш летира. Полковнико Нурида, резахуьлий, корта таӏабора, рогӏера граната йуьрта йуккъе масазза кхета. Йурт ата йоьлча, сехьа йисте а баьхкина, бошмашкахь къайла а бевлла, батарейна тӏе луьстта тоьпаш туьйхира гӏовттамхоша. Артиллеристех шиъ вийра, маситтана чевнаш йира.
– Бошмашка чаччамаш тоха! – мохь беттара Нурида. – Оцу тогӏи чохь нохчий стенна Іохку? Хьалхалахка уьш!
ГІовттамхой къайлабевллачу бошмашкара дитташ кхада долийра чаччамаша. Ткъех стаг воьжначохь а вуьтуш, йухабевлира дегазо тогӏи чуьра хьалагӏовттийна лаамхой а.
– Хьий, варраш, йаӏ! – туйнаш кхоьссира цаьрга хьоьжучу Нурида. – Господин подполковник, букъа тӏе тоьпаш а таӏайай, хьалхалахкал уьш. Дуьххьалдӏа лата ма ца лаьа царна. Вайна а, царна а дикачу цӏарла а хуьлуш, чекхбовла гӏерта.
Шеца Навагински полкан рота а эцна, тогӏи чу воьссинчу Долговс йуха а басех хьалалаьхкира лаамхой. Амма, тогӏи чуьра хьалабевлча, шерачу ара нисло уьш кхидӏа баха ца буьтура йуьртара схьайеттачу тоьпаша. Хуьйцуш хӏоьънаш, гранаташ йетташ къажйина, йерзинайаьхначу бошмашкара схьайен дуьхьало а, кӏез-кӏезиг лагӏлуш, сецира.
– Дӏахьажахьа, полковник! – воккхаверан мохь белира уллохь лаьттачу Мыловн. – Йухабевлла! Бевдда!
Цуьнан куьйге терра дӏахьажавеллачу Нуридна гира, йуьртах ара а йаьлла, Жугӏурта боьдучу новкъа говрашкахь йоьду гӏовттамхойн йоккха тоба.
– Дика ду, дика ду! – бӏаьргашка лаьцна турмал дӏа а йаьккхина, Мыловна тӏевирзира иза. – Тенгински, Навагински полкийн