хӏоьънашка. Полковник ойла йеш ӏашшехь, бевддачу мятежникийн дошлой а, берриг гӏашлой а цӏеххьана аьтту флангехь чухахкабелира, ткъа хьалха къаьстина дошлойн отряд обозна тӏейирзира.
Нурид сихха кхийтира гӏовттамхойн планах. Шена тӏаьхьа хих сехьа а йаьлла, бӏаьхаллин низамехь йогӏу Тенгински полкан батальон аьтту флангана гӏоьнна дӏахьажийра цо.
– Аьрру флангехь мятежникаш бу! – мохь белира уллохь лаьттачу Мыловн.
Цига дӏахьажавеллачу Нуридна гира, ӏодара хецча санна, чехка бехачу могӏанца тулгӏенах баьржаш болу мятежникийн бӏо.
– Батарея! Аьрру флангехьа дӏайерзайе йаккхий тоьпаш! – мохь туьйхира полковнико.
Амма тӏаьхьа дара. Хотталахь, догӏанна кӏел артиллеристаш лелла бовлале, резервехь лаьттачу отрядна йукъалилхира гӏовттамхой.
– Йуьртана тӏе хьалхатаӏар сацаде! Йаккхий тоьпаш дӏайожа! – мохь хьоькхура Нурида.
Амма цуьнан приказ кхочушдан ца кхиира. Йуьрта боьлла навагинхой, гӏовттамхойн тохарна кӏелхьара уьдуш, йухабуьйлура, ткъа йухайаха меттахйаьхна йаккхий тоьпаш пайде йоцуш лаьттара. Навагинхоша бертахь тоьпаш йеттара тӏетеӏачу гӏовттамхошна. Тобанна хьалха, ӏаьржа верта аьтту белша тӏера дӏа а тесна, шина а агӏор тур детташ, каде хьийзара сирачу динара бере. Духарца иза кхечарех къастарна а, даим цунна уллохь байракх хиларна а, полковникна хиира иза ӏаьлбаг-Хьаьжа вуйла.
– Сирачу динарчу беречунна тоха! – мохь туьйхира цо, беречунна тӏе а хьажийна, ша тапча а йассош.
Амма, мухха делахь а, ӏаьлбаг ца лоцура уллошха тӏехйуьйлучу дӏаьндаргаша.
– Батарея йухайаккха! – приказ делира Нурида, ша говра а волуш.
Хотто чкъургаш лоьцу йаккхий тоьпаш, уьнтӏапхьидаш санна, меллаша текхара йуханехьа. Говрашна шодмаш йетташ, тоьпан баххаш бетташ, тӏаьхьара тӏетоьттуш, хьалхара дӏаийзош, уьш кӏелхьарйаха гӏертара салтий. Масех дошлочуьнца царна тӏелетта Къайсар шозлагӏа а цхьамзанийн дуьхьалонна хьалха йухавелира, амма, алссамчу дошлошца иза тӏелетча, йаккхийчу тоьпашна уллохь тӏом кхехкабелира. Цхьа йоккха топ, шершина, говрашца цхьаьна бердах чуйахара.
Халла тӏамца хих дехьайаьлла Нуридан отряд хьалха ша позици лаьцначохь чІагӏйелира. Тӏера