хӏинца а кӏезиг хила тарлора. Цундела Александр Павловича сацамбира, Іумхан-Юьртахь лаьттачу подполковникан Долговн отрядца Нохчмахка а вахана, ӏаьлбаг, йа циггахь, йа арен тӏе а валийна, вохо.
Грознера дӏа Владикавказе сихонца шен гӏоьнче инарла-майоре Смекаловга телеграмма йелира цо, Владикавказерий, Теркан областан кхечу меттигашкарий мукъа долу эскарийн дакъош дерриг а Гермчига схьахьовсаде аьлла. Амма атта дацара цӏеххьана уьш вовшахтоха. Цкъа-делахь, машаречу хенахь, бӏаьхаллин низамехь доцуш, паргӏат лаьттара уьш областан массо маьӏӏехь йаржийначу штаб-квартирашкахь. Цул сов, масех шо хьалха резерве бахийтинчу салташна йоццачу хенахь тӏеман гӏуллакхаш карладаха а дезара.
Хӏинца цкъа аьтто бара Владикавказехь лаьтта Тамански полк а, артиллерин 20-чу бригадан цхьа батарея а, Соьлжан, ГІизлара-Гребенски гӏалгӏазкхийн полкийн масех а, хӏирийн, гӏалгӏайн шиъ сотняш а сихха кхуза новкъа йаха. Уьш схьахьовсор а, тӏаьхьалонехь лаьтта лахара чинашший, гӏалгӏазкхий ма-хуьллу сиха эскаре бахар а тӏедиллира цо Смекаловна.
Шолгӏачу дийнахь кхоьлина дара Грознера хьал. Областан начальник, шен дагара ца хаийта гӏерташ, мел векхавелла лелахь а, саметта ца богӏура гӏалин бахархой. Цунна хетарехь, адам панадаьккхинарш эскарийн а, администрацин а хьаькамаш бара. Къаьсттина – инарла Чермоев а, полковникаш: Курумов а, Чуликов а. Къедица Юсупца дийнахь маситтазза богӏура уьш хӏара волчу.
– Кху арен тӏера нохчий машар безаш ма бу, – балхам бора Орцас. – Мятежникашна тӏаьхьахӏитта ца лаьа царна. Амма, вайна ма-хаъара, областехь кӏезиг бу тӏеман ницкъ. Иза дика хаьа нохчашна. Царна ган ма гина тӏаьхьий-хьалхий гӏалгӏазкхийн бархӏ полк областера дӏайоьдуш. Шайн пхи пӏелг санна, дика хаьа штаб-квартирашкахь маса салти, йоккха топ йу.
– Ткъа мятежникаш, дистина догӏу ламанан хи санна, ломара охьалахкабелла, уьш совцо ницкъ бац начальствон, – балхам бира Курумовс. – Царна дуьхьалдаккха вайн эскар ца хилча, арен тӏера нохчий мятежникех дӏа ца кхетча бовлац. Мятежникаша шайна зулам дарна кхоьруш.
– ӏедалан ницкъ гайтахьа, хьан локхалла, – къамел шега ийцира Чуликовс. –