отряд мятежникашна дуьхьал а нисйалийтина, цара иза йоххочу хенахь, веана, отряд кӏелхьар а йаьккхина, толаман хастам шена бита гӏертара иза.
Вибергца цхьаьна гӏалин гарнизонан ницкъашка хьожуш чекхвелира Александр Павлович. Хӏокхунна цамоьттучу тайпана герзаца дика кечделла дара эскарийн дакъош.
Гиначо гӏеххьа сапаргӏатдаьккхинчу цо тенгинхойн ши рота хьажийра Устаргӏардойн тӏай тӏе. Нагахь мятежникаш кхузахьа схьагӏортахь, цигахь дуьхьало хӏотто.
Де делкъенгахьа лестича, малхбалехьара схьа йаккхийчу тоьпийн дур хаза дуьйлира. Цигара схьа цхьа а тайпа хаам боцуш тӏейеара буьйса. Вахийтина лазутчик а тӏепаза вайнера. Кхузара дӏа Майртуьпа говрахь шина-кхаа сохьтехь бен некъ бацахь а, хӏетте а хаам бацара цигара. Свистуновс шен дагахь сацамбира, отряд йохийна йа гонна йукъахь йисина аьлла.
Буьйса тӏаьххьайаханчу хенахь виллина шена уллохь лаьтта эле Эристовга масех приказ делира Александр Павловича.
– Нагахь вайн ши отряд мятежникаша йохийнехь, – долийра цо гӏайгӏане, – вайн йерриг дегайовхо Веданахь, Хаси-Юьртахь лаьттачу эскаршна тӏехь йуьсу. Мятежникаша телеграф йохайале, хаамаш дӏабала беза. Алексей Михайловична тӏедилла, кхана ӏуьйранна сихонца Тамански полкан кхоъ батальон схьахьажайе алий. Цаьрца схьабахкийта, ала, 20-чу дивизин тӏаьхьалонан салтий а. Нагахь кхана делккъалц соьгара приказ ца хилахь, шен лаамехь гӏуллакх дан пурба ло полковникна Батьяновна.
Ши куьг букъа тӏехьа а лаьцна, цӏенкъа а вогӏавелла, вист на хуьлуш, чухула дӏасаволавелира Свистунов.
– Дегӏастанан областан эскарийн командующига, инарла-адъютанте Меликовга вайна гӏо дар а деха… Нагахь аьтто белахь, – тӏетуьйхира цо.
Буьйсанна охьавижча а коьрте йаьхкира Нуридах йолу ойланаш. Свистуновна дагадеара хьалхарчу дийнахь цуьнгара шена деана кехат. Долговн отрядца Шелахьа дӏаван ойла йу шен аьлла, Свистуновс хаам бича, дуьхьал хилира Нурид. «Нагахь санна оццул жимачу отрядца веанарг областан начальник вуйла Нохчийчохь хаахь, – йаздора полковнико, – областехь кхин эскарш дац, хиллехь, начальник ша схьавогӏур а вацара аьлла, жима а, воккха а герз карахь вайна дуьхьал