вай ламанхойн куьйгашца хьошург хиларх.
– Иза вон ду ткъа?
Сихха жоп ца луш, стоьла тӏе пӀелгийн йуьхьигашца вота а йетташ, сецира Смекалов.
– Дика а, дера, дац, амма ца дича далац-кх.
– Иза уггар тешаме некъ бу, Алексей Михайлович. Селхана Святополк-Мирскийс соьга хаийтира вай оцу новкъа дахар Цуьнан Императорски Сийлахь Локхаллина лууш хилар. Боьхий, цӏений гӏирс ца хоьржуш, хьаьстина а, ӏехийна а, кхерийна а, и гӏаттам хьаша нохчашлахь шайх отрядаш вовшахтоха дезар ду. Цул сов, Нохчийчу йало йеза гондӏарчу къаьмнийн милицин отрядаш а. Цундела, Алексей Михайлович, и ӏаьндой вовшахтохар доьхуш, эла Накашидзега сихонца кехат йаздехьа.
Амма оцу минотехь чуваьллачу полковнико Мыловс йукъахдаьккхира цаьршиннан къамел.
– Господин полковник! – цец мохь белира Свистуновн, ченаша а вуьзна, ма-воггӏура чувеана Мылов гича. – Далла бу-кх хастам, хилларг шен шина бӏаьрга гина дийна стаг ву-кх хӏинца!
Ши инарла охьахиъча, цаьршинна дуьхьалдолчу гӏентан йисте охьалахвелира полковник.
– Тхойша хӏинцца дийцина ваьлла Нуридан чолхечу кехатах лаьцна. Хӏун ду цигахь, мича хьолехь йу отряд?
Карара фуражка стоьла тӏе охьа а йиллина, логах йовлакх хьаькхира полковнико.
– Цо йаздинарг бакъду. Йан а йу отряд халачу хьолехь. Нурид Гермчигара дӏа Эрсана йухаваьлла.
– Хӏунда?
– Хьанна хаьа цо лелориг? Мятежникаш Шела тӏе ца бахкийта дуьхьалонна воьду ша, бохура.
– Ой, Грозныйна тӏедогӏу некъаш диллина дитина цо?
– ХІаъа. Ӏаларой-Эвла, Хаси-Юрт, Иласхан-Юрт, БІаьчи-Юрт мятежникашкахьа йевлла. Гелдагана а, Курчалой-Эвла а дӏа а лецна, Шелахьа, Урус-Мартанехьа, Устаргӏардехьа богӏуш бу уьш, Нурид Эрсана хиъна ӏашшехь.
– Хьий, неӏалит цунна! – стоьла тӏехь лаьттачу горгалина тӏе куьг а тоьхна, шен адъютант чукхайкхира Свистуновс: – Грозный, инарла-майоре Виберге… Дӏайаздел. Хӏара телеграмма дӏакхачарца, сихха Устаргӏардойн тӏай тӏехь йолчу шина ротина тӏе Тенгински полкан цхьа рота а, шиъ йоккха топ а, гӏалгӏазкхийн сотня а йахийта. Кхана Грозный дӏакхочу йолу Тамански полкан батальон Шелана улло йахийта. Веданахь гӏуллакх ца деш лаьттачу Курински полкан шиъ батальон арен тӏе кхайкха. Майорна