Вийначун метта дӏахӏотта тӏемало ца хуьлура, къийсаман йозалла тӏехь йуьсура дийна бисинчарна.
Оцу бехачу къийсамо заза дожийра Нохчийчоьнан. Цхьана агӏор – паччахьан инарлаший, вукху агӏор – Шемалий. Хӏинца Нохчийчоь тера йара, йукъара зоьртала нежнаш, пепнаш охьа а диттина, йохийна, хӏаллакйинчу бӏешерийн хьаннех. Хӏинца гӏевттинарш оцу зоьрталчу диттийн метта кхиъна маргӏалш дара.
Къеначу тӏемалоша гӏайгӏане кортош хьийзабора.
Хӏинца ӏаьлбагна хьалха, паччахьан эскарел сов, кхин дуьхьалонаш а нисйеллера. хӏор а йуьртахь, дӏа ког мел баьккхинчохь, динан дайн, совдегарийн, эпсарийн, церан хьадалчийн кӏелонаш а карайора цунна. Халкъан гӏуллакхна, халкъан маршонна дуьхьалваьллачунна шегара къинхетам хир боцийла хаийта, ӏаьлбага луьра таӏзар дора царах шен кара нисвеллачунна. Амма ӏаьлбага дина нийсонан хьукма мостагӏаша цунна шена дуьхьал а доккхура. Ткъа динан дайша, цхьайолчу йарташкахь, маьждигашкахь шаьш хьехамаш беш, иза сийсазвеш, цунна неӏалт кхайкхош, адам херадоккхура цунах.
Хӏинцале и ши йурт дуьхьалйаьллера, хӏорш тӏе ца оьцуш. Йуьххьехь – ишхой а, селхана – гуьмсахой а. Шеконехь дара тахана шелахошца дерг а. Ӏаьлбаган бӏаьнбӏаьргаша[11] хаамаш беанера селхана Шелахь хиллачу гуламера. Шелан йуьртда Ханболатан Боьршиг коьртехь а волуш цигара жимма а таро йолу берриг нах цхьаьнакхеттера, йурт ӏаьлбагна дуьхьалйаккха. Гулам, цхьана барте ца богӏуш, боьхнера, амма сийсара хилларг хаац.
Лекха боцчу гу тӏе шаьш хьаладевлча, бӏаьргашка турмал йаьхьна, леррина Шела хьежа хӏоьттира Іаьлбаг.
– Эвлан йукъ сийсош адам го. Дукхахберш – говрашкахь.
– Салтий-м бац уьш? – хаьттира Коьрас.
– Хӏан-хӏа. Хеса йаьржина хьаьжа-гӏабакхаш санна, кӏайн чалбанаш го.
– Стенна гулбелла-те уьш?
– Вайна гӏоьнна гулбеллехьара, чалбанаш хир йацара цигахь. Болат, кегийрхоша хӏун дер-те?
– Делхьа, ӏаьлбаг, догдохийла-м йу вайн, амма тешам бац-кх. Боьршига а, цуьнан бартахоша а дикка адам шайгахьа даьккхина. Кегийрхошна дихкина вайна тӏаьхьахӏиттар. Хаац, хӏун хир. Шайн бахамаш, доьзалш Соьлжа-Гӏала а, Чахкара а, гӏалгӏазкхийн йарташка а дӏакхалхийна хьал долчара. Уьш