Доцца аьлча, цӏе герга кхаьчна. Хӏор а ву шен-шен цІока, бахам кӏелхьарбаккха гӏерташ. Ма дика ду-кх уллохь Грозный-гӏала а, цигахь Іедал а долуш…
Сийсара набаран суй ца бинера Ханболатан Боьршига. Иттех куьпахь, жимма а таро йолу нах шена тешамечу керташка а гулбеш, хӏоранхьа а дукха мотт лебира цо…
– Нагахь санна и мезаша буьзна нохчмахкахой цхьана оьрсийн паччахьан ӏедална дуьхьалгӏевттина шуна моттахь, иза бакъ дац шуна, нах! – кхерамаш туьйсура цо. – Уьш вайна дуьхьал а гӏевттина шуна. Вай а ма ду паччахьан ӏедал. Йа, нийсса аьлча, кху Нохчийчохь цуьнан гӏортораш. Шуна, динан дай, алапа а ло ӏедало. Шуна, совдегарш, мах лело, са йаккха таронаш йелла Іедало. Вайна массарна а мохк белла ӏедало. Вайн ворхӏий дена гӏенах а ца гиначу зовкхе кхачийна вай цо. Исс Къуръан тӏекӏел а диллина, ас дуй буур бара шуна, оцу гӏевттинчийн а, кху йарташкахь гӏовтта ца кхиош йа ца баьхьаш бисинчийн а оьрсашкачул алсам вайга цабезам бу аьлла. Хӏунда? Ӏедало вайна тешам белла дела. Іедало вай лору дела. Шаьш вайх къинхетам бийр боцийла а хӏинцале хаийтина цара. Дуккха а йуьртдайн, молланийн а цӏенош дагийна, дуккханийн а даьхний дигна, бахам талийна. Царна башхо а ма йац – нохчо, оьрси, бусалба а, керста а. Ӏедалехьа верг массо а мостагӏ ву церан. Цунна дуьхьалверг бартахо ву церан. Суначул шера хаьа шуна, кху Шелахь дуккха а нах, йа, нийсса аьлча, массо къехо, ӏаьлбаг-Хьаьжа боху и тӏуьйлиг схьакхачаре хьоьжуш, лерг диллина ӏаш хилар. И схьа ма-кхеччинехь, вайн бахамаш, вайн хьал, талийна, хӏур-цӏур дина дӏадаккха. Ткъа шу, кортош таӀийна, суьлхьанаш хьийзош, гай тӏе мІараш хьоькхуш Іа!
Шелахойн тхьамданаша тийна ладоьгӏура Ханболатан Боьршиге. Цуьнан ира хьажар тӏенисделлачун корта охьабоьдура, ткъа баккхийчара, шишша-кхоккха цхьаьний а доккхуш, масдора суьлхьанаш. Наггахь волчо бӏаьрнегӏар ца тухура. Боьршигах ца тешаш делахь а, йа гуттар цунна резахилла делахь а, – бӏаьргаш чохь цӏе йогура церан. Амма дукхахберш къера бара шайн кӏиллоллиний, гӏорасизаллиний. Боьршиг-м, дера, бакъ ма лоь. Цо дуьйцург царна керла ма дац. Царна шайна а ма хаьа, и гӏевттина ламанхой шайна диканна ца лелий. Амма, хьанна хаьа хиндерг? Туркой а