тайпанан а нах бу. Шен-шениг сацаве хӏораммо а. Хаалаш, вайх хӏоранга а шен гергарчух жоп доьхург хилар! Тховссехь арадовлий, уьш вайгахьа баха. Ӏаьлбаг-Хьаьже Шела чу ког буьллуьйтийла дац вешан декъашна тӏехулий бен. Витахь, вешан бахамех-м хьовха, кортойх а догдилла дезар ду. Иштта ду шуна инарлин омра а. Со аьлла вели.
Боьршиган набарза йайна буьйса эрна ца йахара. Тахана ӏуьйранна малх кхеттачу хенахь йуьртан майдана гулделла адам, селхана санна, карзахе дацара. Гӏовттамхошна тешаме бисинчу кӏеззигчу наха кхайкхаме детта маьхьарий а, ден къамелаш а эрна довра…
Нурхьаьж ий, Акхтий коьртехь волу жима бӏо йуьрта а хьажийна, шен коьртачу ницкъашца цхьа чаккхарма сехьахь сецира ӏаьлбаг.
ХІетта цунна тӏе хаамаш кхачийнера сийсара Шелахь хиллачу хийцамех. Амма ӏаьлбаг тешна вара, баккхий нах йухабовлахь а, йуьртарчу кегийрхоша ша тӏеоьцург хиларх.
Уллохь лаьттачу Овхьаде вист ца хуьлуш, иза карзахе хьоьжура йуьрта. ХІокху цхьана сохьтехь къаста безара цо долийначу гӏуллакхан кхоллам.
Кхузахь бара нохчийн цӏейаххана совдегарш, молланаш, хьаьжой. ХІокху йуьртара бевлла ӏедална гӏуллакх ден дукхахболу эпсарш, хьаькамаш. Цул сов, деган пхенаш санна, кхузара дӏа Нохчмахка а, Чӏебарла а, Соьлжа-Гӏала а дӏасадоьлху даккхий некъаш.
Кхузарчу нахаца гергарлонаш долуш а, хӏокхунах агӏо тоьхна а Іуьллу хӏокхул тӏаьхьа йоккха, маршонан гӏуллакхашца даим цӏе йоккхуш хилла Гермчиг а.
Хьалха чалбанашца баккхий нах а болуш йуьртах арайаьлла дошлойн тоба, дохнан дежийлашна тӏехь йаьржина сецира. Кегийрачу тобанашца йуьртах арабуьйлучу гӏашлоша дӏалоьцура царна тӏехьара аре. Нурхьаьжин бӏо шена тӏекхаьчча, бухара дошлойн тоба дӏаса-м муххале а ца йекъайелира, мелхо а, кочара схьайаьхна тоьпаш хьалха а лецна, дуьхьалйирзира.
– Хӏун ойла йу-те церан? – элира турмалца цаьрга хьоьжучу ӏаьлбага.
– Тамаша бу, дуьхьало йан ца бахкахь.
– Жоьжахата гӏойла уьш! Къена нах хьалха ма-гиннехь, хиира суна хӏара гӏуллакх меттера доций.
Оцу минотехь схьакхаьчначу Къайсара хаам беара, шелахоша, шаьш йуьрта дитац, боху, аьлла.
– Нурхьаьжига тхо тӏекхаччалц собарде ала. Къосам, дошлойн бӏо