чорпа йан кана ахьар доцуш! Маса ву шуна йукъахь шайн доьзал хене баккха гӏалгӏазкхийн йарташка, гӏумкийн элийн мехкашка йолах балха ваха везаш! Маса ву шуна йукъахь оцу дӏогахь лаьттачу, аш «тхьамданаш» аьлла цӏе тоьхначу шун йуьртахошна йалхой хилла чухӏоьттина! Хьалдолчу шун вежарех цхьа а веаний шун мецачу, дерзинчу берашна сискалан йуьхк, тӏейуха коч йохьуш?
Коьрина гора нахана йукъарчу дукхахболчийн кортош охьаоьхуш. Йукъ-йукъара кегийрхойн маьхьарий девлира:
– Бакълоь имам!
– Вуьзнарг цкъа а вац мецачун ваша!
– Уьш ӏедало, тӏе хьакхар хьоькхуш, кхобу!
– Хьайн чӏинкъ сацайе, къутӏа, цӏа догӏур дац хьо?!
– Нах! Оцу писо дуьйцучух ӏеха ма лолаш!
– Пис хьо йу-кх, Боьршиган йалхо!
Урх оьзна, говр меттах а йаьккхина, адамийн тобанна хьалхахула дӏасаволавелира ӏаьлбаг.
– Ма мотталаш, тхо, дуьзна, хьерадевлла лела! Шу санна, пекъарш бу шуна герз карахь ломара охьабевлла хӏара суна тӏаьхьарниш. Вайн халкъана маршо йаккха, ӏедало цуьнгара дӏадаьккхина латта йухадерзо, ӏедало а, меттигерчу цуьнан хьадалчаша а вайна тӏехь латто харцо ца лайелла, гӏевттина. Тхан йерриг дегайовхо шуна тӏехь йу, шелахой, гермчигахой! Хӏунда лаьтта шу шина дагахь? Вац шуна йукъахь кху йарташкара бевллачу нохчийн маршонан кӏентийн, цӏарна а цӏе йаханчу къонахийн ӏабдул-Къедаран, ХІовкин, Оьздамаран, Саьӏад-моллин, Домбин, Тӏелхаган тӏаьхьенах цхьа а? Йа тӏаьхье йоцуш байна-те и къонахий? Ма ӏехадайта шаьш паччахьна бохкабеллачу шайн молланашка, хьаьжошка, эпсаршка, совдегаршка!
Дехьахь лаьттачу йуьртан тхьамданашна йукъахь гӏовгӏанаш йевлира. Шед тоьхна, говр кхоссайолуьйтуш, хьалхаиккхинчу Боьршига йукъахваьккхира имам.
– Оцу мезийн тӏуьйлиге ла хӏунда доьгӏу аш, нах?! – бетах шеташ туьйсуш, мохь туьйхира цо. – Ца хаьа шуна, стохка Маккара цӏа вогӏуш, иза Уьстамалахь туркошна вохкавеллийла? Туркойн деши ду шуна цуьнан мотт баьстинарг! Шайна гӏоьнна вай гӏовтто ваийтина. Ткъа шу, Іовдалш, ӏехадала кийчча ду!
– Лалла иза!
– ӏедална муьтӏахь хила!
– Иза, керста ӏедал делахь а, Делера ду!
– Цунна дуьхьалгӏеттинарг Далла дуьхьал гӏотту!
– Хьайн туркой болчу йахийта, вахкавелла нохчмахкахо!