«Ихӏун йу, дӏо лепарш, лаьмнашкахь
Гой хьуна ӏуьйренан серлонгахь?»
«Го дера – мостагӏийн байракхаш!
Йо Дела, ӏалашде тхан бераш!»
Шиллер. Бераш дойъурш
Аренан йарташа тӏе ца эцна Іаьлбаг, шен кӏеззигчу ницкъашца Нохчмахка йухаваьллера. Кхин дӏасавала некъ ца хилла, оцу готтачу кӏажа вирзина ӏаьлбаг, циггахь хьовзийна, шен бартахошца цхьаьна схьалаца сацамбира Свистуновс.
Теркан областан массо маьӏӏера эскарш Нохчийчу схьа а оьзна, тӏаьхьалонна битина салтий, гӏалгӏазкхий, меттигера милиций а вовшахтоьхча, и берриг герзан ницкъаш а, 27614 цамза а, 3361 тур а, 104 йоккха топ а хилира.
И тӏеман ницкъ итт отряде бийкъира командующис: Грозныйн, Устаргӏардойн, Іумхан-Юьртан, Чахкаран, Эрсанан, Майртуьпан, Шуьйтан, Даьргӏан, Веданан, Хаси-Юьртан.
Цул сов, Свистуновн дехарца, Дегӏастанан областан начальнико, инарла-адъютанто эло Меликовс Нохчмехкан а, Чӏебарлан а дозанашка теттинера полковник эла Накашидзе коьртехь волу йоккха отряд. Цунна йукъайогӏура Апшеронски, Самурски полкийн батальонаш, 21-чу артбригадин йалх йоккха топ а, дегӏастанхойх вовшахтоьхна виъ эзар стагах лаьтта милицин дружина а.
Хаси-Юьртахь лаьттачу гӏашлойн 80-чу ГІебартойн полках кхачо ца хилахь а аьлла, Свистуновн дехарца, эло Меликовс ГІойси тӏехІоттийра шиъ батальон а, ламанан артдивизион а, Дегӏастанан 1-чу иррегулярни полкан пхи бӏе дошло а.
ГІаттам хьаша ша хӏоттийна план элаца Меликовца йийцаре а йинера инарло Свистуновс.
И кечам а бина, дерриг оьзна, леринчул тӏаьхьа, Ведана ваха новкъа велира Александр Павлович. Цига дӏакхачале, Чахкарахь лаьттачу отряде а хьаьжна, Доча-Борзе шена дуьхьал охьавеанчу элаца Накашидзеца цхьаьнакхета а дезара цуьнан.
Чахкарахь полковникца Нуридца шийлла цхьаьнакхетар хиллачул тӏаьхьа, шен конвойца Органан ахка чу вуьйлира иза. Шара-Орга а, Чӏаьнтий-Орга а аренга долуш цхьаьнакхетачохь, оцу шина хина йуккъехь лекха айабеллачу гу тӏехь лаьттачу Доча-Борзехь, Іаьндойн дружиница веана, шега хьоьжуш карийра цунна эла Накашидзе.
Кавказхойн гӏиллакхехь велавелла-векхавелла дуьхьалкхийтира цунна эла. Лекха, элдара дегӏара, шуьйра белшаш,