Павловича, – дегӏастанхойн а, нохчийн а барт хилийта йиш йац хьуна… Барт цахилийтарал сов, йуккъе мостагӏалла дожо деза. Оцу тӏехь боьхий, цӏений некъаш хержа эшац. Цундела хьайн туземцаш кхузахь ницкъ ма-кхоччу къиза хилийта хьажа. Оццу ӏалашонца оха кхуза йалийна хӏирийн а, гӏалгӏайн а отрядаш. Батьяновн отрядца гӏумкийн сотняш а йу.
Лаха чохь, готтачу бердашна йуккъехула, сетташ, гӏергӏаш доьдучу Органо цхьана минотана шен ойланашца генарчу Кура хин тогӏешка вигира Накашидзе. Масех бутт бу иза цигахь хилаза. Нагахь туркой цига кхачахь, хӏун хир ду-те цуьнан бахамах а, гергарчех а?
– Кху сохьта полковник Батьянов шен отрядца Зандакъа кӏел лаьтта, – дуьйцура командующис. – Веданарчу отрядца кхана со ЦІоьнтара кхочур ву. Билтойн тайпанах волу инарла Чермоев церан йарташка хьажийна ас. Шен тайпанан нахах отряд вовшахтухур йу цо. Батьяновна тӏедиллина зандакъой ӏаьлбагна дуьхьалбахар. Капитан Пруссаков – Бенахь, эла Авалов – Даьргӏахь ву, йартийн хьолахойн гӏоьнца цигахь отрядаш вовшахтухуш. Йерриг отрядаш цхьабосса Симсарна тӏейуьйлалур йу. Ткъа ахь Чӏебарла а, Бассойн йарташ а кхерамна кӏел латтайе.
– Нагахь уьш гӏовттахь?
– Къинхетамза хьаша. Амма тахханехь хІор а йуьртара итт-пхийтта стаг амалтана а вига.
Ламанан Дегӏастанан отрядан начальникца дерг чекх а даьккхина, йухавирзича, Чехкарарчу отрядера Навагински полкан цхьа батальон эцна, ши-кхо чаккхарма хьалха разведка а хьажийна, Нохчмахка волавелира Свистунов. Лохха къамелаш деш, цунна тӏаьхьаозабелла богӏура эла Эристов, майор Верховский, капитан Чураковский, талмаж Чуликов. Командующин кхоьлина йуьхь а, лекхачу хьаьжа йуккъе гулбелла шад а гиначу царна хаьара иза цхьана кӏорггерчу ойланаша дӏалаьцнийла.
Баккъал а, Александр Павлович догдогӏуш вацара накъосташца къамеле вала. Чӏишка а кхаьчна, Органца хьала бӏаьрг тоьхча, оцу буьрсачу лаьмнаший, Органой кху мехкан дӏадаханарш даг чу туьйсура цунна. Дуьззинчу ткъа шарахь тӏом бинера паччахьан тоьллачу эскарша а, полководцаша а, оцу чӏожа ког ца биллалуш. Хьанна хаьа, Шемалан къизалло ламаройн ойланаш ца херцийнехьара, кхин а дуккха а шерашкахь цӏий