Граббена а, Воронцовна а хилларг вайх хиларна кхоьру со.
– Майор?
– Суна хетарехь, полковник нийса ву.
– Ткъа хьан сийлаллина хӏун хета? – Аваловгахьа вирзира Свистунов.
Йайна луьлла голах тоьхна цӏан а йина, чу хӏуп аьлла, кисана йоьллира Аваловс.
– Суна хьалхахьа дӏадаха лаьа. Хьан локхалло ма-аллара, вайн йухадовлар, кӏилолла ца ларахь а, гӏорасизалла лорур ду нохчаша. Тӏаккха кортош ойъур ду хӏинццалц таьӏна ладоьгӏуш ӏачара а. Стенна оьшу, зуламан орамаш а дитина, даим лазаре ладегӏар? Бехкечарна луьра таӏзар дарца бахархойн гуттаренна а догдаккха деза и саннарг тӏаккхахула лелочух.
– Хьан дош, Николай Богданович? – эле Эристовга хаттар дира Свистуновс.
– Суна хетарехь, эла Авалов бакълоь.
– Ахь кхийдочу некъо халкъ кхин а карзах ма даккхахьара, эла, – кӏоршаме Аваловга дӏахьаьжира Крузенштерн.
– Шен коьртал лакха эккхалур вац цхьа а. Шайн ницкъ кхоччург дина цара.
– Ас эла къобалво, – цаьршинна йуккъехь доладелла лераш совцийра командующис. – Делан гӏоьнца, хьалхахьа дӏагӏор вай. Бехкечу йарташна къинхетамза таӏзар а деш.
Полковник Крузенштерн резавоцуш дӏахьаьжира толаме мекх хьийзош ӏачу Аваловга.
– Хьан лаам кхочушбар – тхан декхар ду, хьан лакхалла. Амма гӏалат ма довлийла вай.
Ӏоттаре кхоссар йина Крузенштерн жоп ца луш витира Свистуновс.
Ӏуьйранна малх кхетачу хенахь Кешана-гӏопера арайаьлла шина батальонах а, гӏумкийн шина бӏонах а, шина артвзводах а лаьтта подполковникан Григорьевичан отряд, Яркхсун кӏоргачу тогӏих дехьа а йаьлла, Зандакъа хьала охьайелира.
Отрядан коьртачу ницкъаца цхьа чаккхарма хьалха хийцира дошлойн цхьа бӏо, ткъа шозлагӏниг, отрядан батарейна ха деш, арьергардехь богӏура.
Кешанера дӏа ийъалуш, лома кӏел дӏадоьдучу дукъаца, лаьхьа санна, сетташ хьалабоьдучу готтачу новкъа беха могӏа а бина боьлхура салтий. Хьарчийна, некха тӏехула раздохуш, коча дихкинчу сирачу чоэший, цхьана кӏиранна леринчу напхех йуьзначу ранцаший, кегийчех белаший, дагарший, йезачу тоьпаший новкъарло йора царна ирхех сиха хьалабаха. Кешанера кхо чаккхарма гена а бовлале, хьацаран кӏуьрла хилира уьш. Къаьсттина хала дара йаккхий тоьпаш текхо. Шиний агӏор