йухавогӏучу гӏараваьллачу йаздархочух-очеркистах Василий Иванович Немирович-Данченкох а кхетта. Меллаша текхаш, сих-сиха соьцуш, оцу бехачу новкъа Владикавказе йогӏучу цӏерпошта тӏехь кху Кавказан ламанан къаьмнех лаьцна Абросимовна цкъа а ца хезна дуккха а керланиш дийцира йаздархочо.
Цул тӏаьхьа кху махкахь масехазза а хиллера Яков Степанович. Хӏара Теркан областах ирх-пурх чекх цкъа ваьлла ца ӏара иза. Доцца аьлча, кху областан лакхенийн дахарехь цунна ца хууш башха къайле ца йисинера. Ламанхойн йарташкахь а хиллера иза дукхазза а. Хӏетте а, ша цкъа хиллачу меттиге йуха нисвелча, муьлхха а цхьа керланиг кароза ца вуьсура. Ткъа хӏинца иза воккхавера Нохчийчохь гӏаттам болалуш ша кхуза нисваларх. Хӏинца цунна шен бӏаьргашна го дерриг а.
Капитано Рихтера, куьйгаш дӏаса а туьйсуш, хаддаза хабар дуттура. Амма Абросимовна ца хезара цо дуьйцург. Иза ца ӏебаш хьоьжура гондӏа даьржинчу исбаьхьчу ӏаламе. Готтачу некъана пурх андий орамаш тийсина, стигала ирх баххьаш хьовсийна, лаьттара тӏе карс тесна къорзий зоьртала пепнаш. Уьш марахьерчош, церан гӏаддашций, генашций хьийзаш, хьалаихнера акха кемсаш, хонйахарш. Некъан йистонца хьаннашкахь гора, шач санна, хьийкъина хьонка. Ткъа оцу къеначу хьаннашна йуккъехь даьхначу, дечган нахаршца аьхначу, жӏолмийн мекханца шардинчу кегийчу ирзошна тӏехь йу хӏетта хьалайевлла гӏийла хьажкӏаш. Салтийн могӏа гучу ма-беллинехь, шайн кегийра бераш ги а детташ, хьуьн чу уьдура асара баьхкина зударий.
Адамаш-м хьовха, олхазараш а уьдура кху кхайкхаза богӏучу хьешех. Мухха делахь а, деган хьехамца царна хаьара, ги тоьпаш тийсина, цхьатерра барзакъ дуьйхина, нийсса ког боккхуш, и цхьатера адамаш диканиг дохьуш ца догӏийла. Хӏорш гергагӏоьртича, дӏатуьйра олхазарийн эшарш, шакарш, шабарш а, зӏакара йуккъе къевлина, бен бан ша йохьу чемхалг, мас, чӏешалг а йадайой, тӏемаш тухий, дитташна йуккъе къайладуьйлура уьш. Корта чу а озабой, бенахь дӏатуьйра тевна хиъна хьоза а. Месала цӏога а саттадой, хӏокхаьрга схьа а хьожий, шен хари чу сихлора тарсал а.
Кхузарчу олхазарийн а, дийнатин а, адамийн а машаре дахар дохо хьалагӏерта отряд.