йартех цхьаъ йолу Зандакъа. Тӏе латта тесначу йа гӏодмийн цӏевнашца къевлинчу тхевнашца наггахь а ангали диллина кор доцу цӏенойн лаппагӏанаш йара ӏаннашций, боьлакций, вовшашна ген-гена кхийсина, йаьржина. Цхьанхьа гу тӏехь йа дуьхьалчу басенца гучудуьйлу гомий, гаттий урамаш, ӏаннашна, боьранашна чохь къайла а довлий, геннахь кхечухьа йуха а схьакъедара. Йуьртана йуккъехь лаккха хьала ира момсар хьажийна лаьттачу цӏечу гӏайракхах доьттинчу доккхачу маьждигна гонах луьсто гора цӏенош.
Кхузара дӏа, керайуккъехь санна, го Ишхой-Ломан когашкахь ӏохку зандакъойн кегийра йарташ а. Эпсарийн а, салтийн а хьажар уггар хьалха тӏедогӏаделира царах йуьстахо, лома кӏел ши хи цхьаьнакхеташ хӏоттийначу шалгонна йуккъехь, лекхачу берда тӏехь Іуьллучу Симсарна.
Цигахь, ша винчу бенахь, къайлаваьлла ӏаьлбаг. Айкхаша дийцарехь, цуьнца верг бӏе стаг а вац. Царах дукхахберш суьйлий бу. Амма оцу бӏе стага дуйнаш биъна дийна кара ца баха. Шина-кхаа агӏор мукъане а тӏедахана, го бойла делхьара, схьалоьцур бара уьш. Лекхачу бердаша йукъахьовзийначу цунна тӏебоьдуш цхьаъ бен некъ бац. Иза а бу готта, ӏинна чухула дӏабоьдий, лекха берд хадош, хьалаболуш. Малхбалехьара схьа йуьрта волалур ву бохург хьехочохь а дац. Оцу агӏор бу когашкахь йуькъа, къена хьаннаш йолуш, ткъа лакхо ваьлча, нийсса ирх бердаш долуш, тӏехь кӏайн ло лепаш, бӏаьрго ма-лоццу беха Ишхой-Лам. Подполковникна Григорьевична чӏогӏа лаьа, цӏеххьана тӏелатар а дина, оцу шен гӏеранца и имам схьа а лаьцна, когаш-куьйгаш а дихкина, ваьхьна, командованина хьалха охьатаса. Амма иза дан бакъо йац цуьнан. Цунна приказ делла, бахархой, кхерийна йа ӏехийна, ӏаьлбагна дуьхьал а бахий, цаьрга шайгга иза схьалацийта аьлла.
Хӏетта хьалайевлла хьаьжкӏаш хьоьшуш, текхош йигна йаккхий тоьпаш, йуьртана тӏе а йерзош, дӏахӏиттийра. Ши рота Гилана улло а хьажийна, йисинчаьрца, беха могӏа беш, Зандакъ-Лам дӏалецира. Отрядан эпсарш тӏе а гулбина, йоцца кхеташо йиначул тӏаьхьа, Григорьевича сацам тӏеийцира, отрядца хьалавеана прапорщик Шахьболат а, Буртӏанайн пурстоьпан Шайх-Махьмин ваша Хьамзат-Хьаьжа Дацаев а ультиматумца йуьрта хьажо.