ши-кхо шо даьлча графан Воронцовн отрядаш кхузахь лаххьийна хӏаллак ца йалуш ӏийна, моьтту хьуна, и нохчий? Цул хьалха а, тӏаьхьа а масазза нисйелла вайн отрядаш церан гонна йуккъе! Хӏокху къомо мостагӏчун тӏамехь а лардо шайн къинхетаме гӏиллакхаш. Шаьш мостагӏчун эскарна го бича, цунна дӏадаха цхьанхьа ков а дуьту цара. «Тхоьгахь ницкъ а, аьтто а бу шу лаххьийна хӏаллакдан. Амма тхуна лаац и дан. Дӏадаха маьрша некъ бу шуна, амма йуха тхан махка ма дуьйлалаш», – бохург ду иза. Цивилизацин мехкан муьлххачу а къомо дийр дарий ишттаниг?
– Мостагӏ – мостагӏ ма ву, иза мел дика велахь а, – доцца хадийра Рихтера. – Вайна Кавказ ваьшна муьтӏахь оьшу. Вешан Швейцари йан. Оцу тӏехь вайна новкъарло йийриг вайн мостагӏ ву. Стенна оьшу кхузарчу туземцашна хӏара исбаьхьа ӏалам, хьоле маьІданаш? Хӏара дерриг хьал эрна лаьтта-кх. Ткъа вай кхузахь заводаш, фабрикаш йохкур йу. Курорташ йийр йу. Хӏинцале а гучубевлла вайн цивилизацин стоьмаш. Ткъех шо хьалха, цӏахь бинчу чордачу машин бедарш йуьйхина, догІмаш тӏехь даьӏнаш хӏиттина леллачу хӏокху туземцашка хьажал хӏинца.
– Хьаьжча, цхьа кӏеззигниш вай баха ховшийна, ткъа дийнна халкъ ах дерзина, ах меца ду-кх. Уггар чӏогӏа хӏокхарна оьшучу серлонан, дешаран а ойла ца йо цхьаммо а. Тахана а догӏу вай хӏокхарна вешан «цивилизаци» йохьуш…
Рихтера цхьаъ олуш, Абросимовс иза дохош, къуьйсуш, хӏара шиъ туьпа йуха схьавеача, дукха хан йалале, кхуза йухакхечира йуьрта бахийтина парламентераш а. Цаьрца вара векъана, йуькъа йеха сира маж йолуш, лекхачу дегӏара воккха стаг коьртехь масех зандакъхо. Григорьевича уьш тӏеийцира, йоккхачу тоьпан лафета тӏе а хиъна. Цунна тӏехьа дӏахӏиттира отрядан эпсарш.
Йуьртара йухавирзича, шен гира цхьа беза мохь дӏабаьлча санна, паргӏатваьлла, векхавелла Шахьболат, талмажалла дан кечвелла, подполковникна улло хӏоьттира.
Григорьевича охьаховша а ца элира баккхийчу нахе. Бахархошна тӏе кхерам тесна ца ӏаш, уьш ма-хуьллу сийсазбан ойла йара цуьнан. Хӏара мостагӏ велахь а, тӏевеана хьаша хиларна, къоман гӏиллакхехь хьаькаме маршалла хатта декхар долу баккхий нах, шеца гӏиллакх лелийча хаъал иза адам доцийла а хиъна,