цуьнан карара схьабаьккхира Григорьевича.
– Хьуна хӏун оьшу, господин Абросимов?
– И къизалла сацайайта!
– Хӏунда?
– Стенна бехке бу и мисканаш?
– Господин Абросимов, сайн тӏеман декхар кхочушдан вита со! Тӏетоха! – куьг охьахийцира цо.
– Эхь… Эхь ца хета хьуна?! – лерга хӏиттинчу паттарчашна ша эриг шена а халла хезаш, мохь беттара Абросимовс. – Адамалла а, къинхетам а бац хьоьца?
– Йуха а боху ас хьоьга, сайн тӏеман декхар кхочушдан вита со! – човхийра иза Григорьевича.
– Бехке доцу адамаш дайъар тӏеман декхар ду ткъа? Хьуна хьан бакъо йелла?
– Ма кхералахь, и бакъо йала йеззачо йелла суна!
– Оцу йарташкахь къена нах, зударий, бераш ма ду! Оьрсийн герзан сийнна эхь до ахь!
– Хӏаъа… Кхузахь хӏара ас дуьххьара а, тӏаьххьара а деш дац. Хьалха хиллачаьрга хьаьжча, ас дийриг берийн ловзар ду.
Шина оьрсичун девне ладоьгӏуш лаьттачу баккхийчу нахах цхьамма, Шахьболатна тӏе а вахана, масех дош элира.
– Господин подполковник, баккхий нах реза бу хьан омра кхочушдан, – элира прапорщико, сихха Григорьевична тӏе а веана. – Ахь йаккхий тоьпаш совцайахь, шаьш, йуьрта а дахана, нах вовшахтуху, боху…
Подполковникан мочхалш делакъежира:
– Тоххapeхь аьллехь иза. Гирий хьуна, господин Абросимов? Бетах хӏума тохаро бен къар ца дой хӏара хьайбанаш-м. Сацайе цӏе! Дика ду, господа разбойникаш. Шуьца йуьрта йогӏур йу гӏумкийн милицин отряд. Шуьга ла ца доьгӏнарг цара бӏаьрнегӏар тохале бертавалор ву шуна. – Тӏаккха, хьалхарчу кисанара схьадаьккхинчу сахьтан негӏар диллина, нахе а хьаьжна, тӏетуьйхира цо: – Диъ сахьт хан йу шуна.