къилбехьа дерзадо, цуьнан меженаш нисйо, цхьана стаге иза лардан дӏалой бен, докъана уллора дӏа ца волу. Топ, тур-шаьлта а тухий, стаг вуьй цара, амма диггий, хьокхий тухий, ирхъуллий, меженаш йохуш, вагош вуьйш – и къизаллаш ца лелайо. Герз карахь шайх лата баьхкина вайн салтий а бойъу цара, шаьш сийсаздан боьлча, вайн чиновникаш а бойъу, амма машаречу оьрсичун дегӏа тӏера чо а ца хьабо. Нохчашна тӏехь и сийсазе эладитанаш кхуллучара дицдо цара бойъурш церан йарташ йагийна, бошмаш хедийна, кхаш тӏера йалташ хьешна, церан доьзалш байъина нах хилар. Ламанхой шалха дегнаш долуш йамарт нах бу, олу вай. Тоьллачо шена луъург леладо эшначунна тӏехь. Ткъа эшначун, лаахь а ца лаахь а, аьшпашций, мекарлонций кӏелхьарвийла деза, шен аьтто нисбаллалц. Оцу хьелашка воьжначу ах-акха ламанхочуьнгара бакъдерг, тешам а лехар нийса дац. Масала, схьалоцур вай керста европейцаш. Европейцо эшийначу европейцо ца лелош хӏун дуьсу? И харц лийча а, цо аьшпаш боьттича а, йамартло йича а, къиза хилча а, оьздангаллех воьхча а, иза иштта хила догӏуш лору. Ткъа цо лелийнчунна аьттехьа а доцу кху ламанхойх даьлла кӏеззигниг, дестадой, дуьйцу.
Дуьххьалдӏа вайн историкашний, этнографашний лаац церан гӏиллакхаш цивилизованни халкъийн гӏиллакхашца дустуш гайта. Алал соьга, оьздангаллина стенца лакхаваьлла европейски ахархо, адамийн бакъонех хадийна дакъаза ваьккхинчу нохчочул? Хӏокхо къобалдо ала ма дохку вай! Ткъа француз Бюто, англичанин Джон Буль, немцо Михель, вайн Иван Еремеев цӏена вуй оцу къинойх? Шен ницкъ кхаьчча, хӏара дуьне дерриге а шен буйна къовлур долуш ма бу уьш. Цара говза до къола, уьш ӏемина шаьш дечу зуламна тӏе нехан бӏаьрг ца кхиийта. Ткъа кхузара Ахмедка кхаьчна вац зуламаллин оццул лакхарчу дарже, цо ша дийриг даррехь, массарна а хууш, гуш а до. Цундела Бюто – гӏалин мэр, Иван Еремеевич – волостан старшина хоржу, ткъа Ахмедка каторге хьажаво. Хьалхарчарна законаш хаьа, ткъа Ахмедкина уьш хаац. Бютогӏар, Ивангӏар законашца до шайн гӏуллакх. Ткъа Ахмедкас – шаьлтанца. Ткъа оьздангалле даьккхича, Ахмедка царал, стигал санна, лакхахь ву. Ахмедка, шена сискал хилча, ша адам лерича, ӏадда ӏен а