йуьртахь къайлавийларх а, массара а цунна тӏе пӏелгаш хьежабо, и сийсазво. Цо дина эхь цунна тӏехь сецна ца ӏа, иза эхье томмагӏа хуьлий тӏедужу дерриг цуьнан тайпанна а. Йоӏ ӏехийна, сийсазйина стаг дӏатосу оцу стеган йиша-вашас а. Гергарчарий, йукъараллой дӏатесна иза, цхьанхьара кхечухьа эккхош, лелаво, йоӏ йолчу наха иза веллац[14].
Мел халачу, мел кхерамечу хьоле нисваларх, шен сий лардар тӏедуьллу хӏор а нохчочунна. Шен сий ца дожош, вала веза иза. Хьайна тӏера цІока йаккхахь а, бӏаьрнегӏар ма тоха, чӏичкъа ма эха, боху цуьнга. Ша вен тӏаьхьадогӏуш орца делахь а, иза тӏекхиа даллахь а, йуьрта воьлча, меллаша, курра корта а айъина, чекхвала веза иза, ша кӏилло воцийла хаийта. Европейцийн законаш санна, дӏайаздина дац церан и гӏиллакхаш, амма уьш бӏешерашкахь деха. Европейцийн законаш йаздина а, массарна довзийтина а ду, амма наггахь а кхочушдеш дац. Уьш кхочуш ца дан а, кӏелхьарбовла а дукха кевнаш дитина цивилизованни къаьмнашлахь. Амма «варварийн, разбойникийн» нохчийн кланашкахь и йаздаза долу гӏиллакхаш лерар а, кхочушдар а тӏехь ду хӏоранна а. Царах вада херо ца йитина цхьана а агӏор.
– Нохчийн оьздангалла шера го церан иллешкахь, – элира Василий Ивановича тӏаьххьара а. – Дешнийн дукхаллина къен а, амма шен исбаьхьаллица хьоле нохчийн мотт иллешний, легендашний, туьйранашний кхоьллина бу, олу иза бевзачара. Оцу халкъан барта кхоллараллин коьрта чулацам – кӏиллолла, сутаралла, къизалла, йамартло, тешнабехк сийсазбар, ткъа доттагӏалла, оьздангалла, тешам, майралла, къонахалла, зударийн сийдар а хестор бу. Цунна тӏетоха хьайна нохчочун ира хьекъал а, самукъалла а. Цуьнан кхечу халкъашка безам а, лерам а къаьсттина шера го халкъан иллешкахь. Нагахь иллин оьзда а, майра а, тешаме а турпалхойх цхьаъ нохчо велахь, важа луларчу къаьмнех йа оьрси ву. Кхечу къаьмнашка нохчийн лерам гучуболу цара шайн божаберашна тохкучу цӏерашца: Оьрсаби, Чергазби, Соьли, ГІебарто, Іаьнди, Гӏумки, Турко, ӏарби, Эдаг, Гуьржи, Ногӏи, Эбзи, Гӏазали, иштта дӏа кхин а. Амма халахета хьалхалера барттий, оьздангаллий нохчашна йукъара дӏайолуш хилар.
Василий Ивановича цхьана йукъана сацийра шен къамел.