Чермоевгӏара, Шамурзаевгӏара, Мустафиновгӏара, Чуликовгӏара, иштта дӏа кхечара а. Раевскийн, Муравьевн, Ольшевскийн, декабристийн а метта кхуза баьхкира Пуллогӏар, Евдокимовгӏар, Барятинскийгӏар, Лорис-Меликовгӏар, иштта дӏа кхин а. Нохчашца тӏом болуш, уьш арен тӏера лаьмнашка а тоьттуш, церан уггар дикачу махка тӏе тӏеман чӏагӏонаш хӏиттийра, халкъехь цхьа а тайпа граждански бакъонаш ца йитира.
– ХІетте а, кхузахь машар цахиларна хӏара нохчий бехке бо, – са ца тохаделира соьга.
– Хьанна лаьа шен бехкана къера хила? Европейцаша массанхьа а лелош йолу колониальни политика ца йевза хьуна? Хьалха – мозгӏарш, тӏаккха – эскарш, тӏаьххье – колонисташ. Хьалхарниш туземцаш бакъдине берзо, шолгӏанаш – мохк дӏалаца, кхоалгӏаниш – церан махка тӏе баха ховша. Шен махкахь латта а, йалта а доцуш, къоьлла къикъвоьлла ӏийначу колонистна, бухарчу аборигенера схьа а доккхий, латта ло. Иза паччахьний, даймахканий, килсаний муьтӏахь хилийта, цигахь Іедал латто гӏо дайта. Метрополехь йукъараллин массо чкъурана бухахь ведвина лаьттина стаг, колонехь цхьа тӏегӏа лакха а воккхий, туземцана тӏе хааво. Килсо, полицейскис – массара а цуьнан лерехь хӏор а денна зурма лоькху меттигерчу туземцал иза лакхара хилар, кхузахь иза олалла дечу классийн ӏедалан орам хилар, нагахь оцу махкахь колонизаторийн ӏедал маллахь, дожахь, иза шен лаьттах, бахамах, цӏийнах, йукъараллин меттигах а хедарг хиларх кхетош.
– Доцца аьлча, къаьмнийн классови барт ца хилийта до иза!
– Хӏаъа ткъа. Амма Россехь колониальни политико кхин стом ло. Паччахьийн, хьоладайн, динан дайн а бертаза. Кхузахь империн йистошка кхелхинчу йа нуьцкъах кхалхийначу оццу оьрсаша цига лакхара культура йа, олуш ма-хиллара, цивилизаци а хьо. Цо классови кхетам самабоккху боданехь лаьттинчу туземцийн. Царна гучудолу оьрсийн паччахь а, цуьнан ӏедал а шайн мостагӏ, ткъа, шаьш санна, ӏазапехь доллу оьрсийн халкъ шайн доттагӏ, классови ваша хилар. Цундела империн йистошкахь оьрсийн а, туземни а къинхьегамхой цхьаьний гӏуьтту шайн массеран а йукъарчу мостагӏчунна – паччахьан ӏедална – дуьхьал. Цунна дуккха а масалш ду исторехь.