меттигаш хилла нохчий гӏалгӏазкхашца цхьаьна арахьарчу мостагӏашна дуьхьал леташ а. Амма кху тӏаьххьарчу шерашкахь вайн правительствос ламанхойн маршонехьа болам хьошуш, цӏеран пен хӏоттийна шина халкъана йукъа. Шина а агӏор бӏе эзарнаш адамаш дайъина. Могӏара ламанхой, оьрсийн ахархой. Ахь дӏа лехча, шина а агӏор наггахь доьзал а карор бац хьуна оцу тӏамо да, кӏант, майра, ваша вахьаза. И тӏом а, вовшашна йина чевнаш а цу шина къоман бехкенна ца хилла. Олалла дечу классийн, церан ӏедалан а бехк бу берриг а…
Амма, суна хетарехь, вайн идеях герз дина гӏатта а, халкъаш а, адамаш а маршонехьа къийсамна цхьаьнатоха, уьш хьалха, толаме дига ницкъ кхочур берг а йеккъа цхьа пролетарийн класс йу. Хӏетталц кхиамза хир йу, аьлла хета, вайн дуьхьалонаш.
– Хӏета, ахь дийцарехь, Петр, тахана вай – социалисташа-народникаша а, ахархоша а – латто къийсам эрна бу-кх?
– Ас ца аьлла иза. Маршонехьа къийсам а, цуьнан дуьхьа лайнарг а эрна довр дац. Хӏор а гӏаттамо, хӏор а революцис, шаьш эшахь а, лестайо, кегйо олалла дечу классийн гӏортораш, керлачу къийсамашна ӏамош, кечдо халкъаш.
ГІеттина Овхьад, ши куьг тӏехьа а диллина, чухула дӏасаволавелира. Максимовс дийцинарг керла дацара цунна. Оцу тӏехь ойланаш ша а йинера цо. Максимовна хуъучул ца хаахь а, Марксан, Герценан, Чернышевскийн белхаш а бешна цо. Амма цунна догдилла ца лаьара хӏокху гӏалахойн гӏоьнах.
– Делахь, хӏокху къийсамехь цхьа дуьсу-кх тхо…
– Ца дуьсу. Россерчу йерриг губернешкахь маршонехьа къийсаман цӏераш йу хьалалеташ!
– Ас-м кху агӏор, боху.
– Хӏун дийр ду ткъа, Овхьад, иштта нисделла исторически хьелаш. Кху некъехь тхан аьтто нислац шуна а, тхайна а ма-ттов гӏо дан. Областан администрацис хьалхе йаьккхина. Грозне а, Нохчийчоь а дуккха барамехь эскарш оьзна. Цхьана агӏор – гӏалин къехой чӏогӏачу тергамна кӏел латтабо, вукху агӏор – гӏалахошна а, гӏалгӏазкхашна а йукъахь пропаганда лелайо нохчашна дуьхьал. Оцу пропагандехь йоккха меттиг дӏалоцу туркошца болчу тӏамо. Цо боккха ӏаткъам бина оьрсийн бахархойн кхетамна. Цкъа-делахь, шина а пачхьалкхан агӏонгахьара бакъонца бац хӏара. Шина а правительствон ӏалашо мехкаш дӏалецар, кхин