Григорьевичан отряд Яркхсуца хьала зандакъа йан кечлойла а хиира.
Амма ӏаьлбаган дуьхьало йан ницкъ бацара, цундела цо сацамбира, нагахь кхузахь вала дезахь, шен а, накъостийн а синош безачу мехах дӏадала.
Шеца висина бӏе гергга суьйлий а, церан эхханал нохчмахкахой а, цхьа салти а, Симсарара берриг бахархой а йурт чІагӏйан арабехира цо. Ишхой-Ломан агӏонгахьара кхерам бацара. Къовла безаш берг Диламера охьа а, Зандакъара хьала а богӏу ши некъ бара. Некъашна шина а агӏор долу дитташ, хедош, дуьхь-дуьхьал охьа а диттина, и ши некъ ваьлнашца дӏакъевлира цо. Йуьртана го тосуш, лекхачу бердаш тӏехула саьнгарш йахийтира, дуьхьал ханнаш а дохкуш.
Са ца доӏуш, белхаш бора зударша а, бераша а. Бахархошна дихкинера имамера бакъонан кехат доцуш йуьртара арабовла а, арахьара стаг чувита а.
Де делкъенга долуш, дуьхьалчу регӏахь девллачу йаккхийчу тоьпийн татанаша цӏеххьана болх сацабайтира цаьрга. Зандакъана тӏехула дукъа тӏехь хьуьнна тӏехула йеанхьа сийна кӏур айъабелира. Кӏеззиг хан йукъа а йулуьйтуш, йух-йуха а дийла дуьйлира татанаш.
– Хьалакхаьчна и жӏаьлеш! – йуьстах туй кхоьссира Іаьлбагна уллохь лаьттачу Солтмурда. – Зандакъана хӏунда йетта-те, цигара нах-м, уьстагӏий санна, эсала ӏаш ма бара?
Йиллина дӏа шеца лело турмал бӏаьргашна тӏе а лаьцна, Зандакъ-Лома буьххье хьежа хӏоьттира Іаьлбаг.
– Хаац. Цхьа дан йишйоццург коча Іоьттича, цабевллачу денна дуьхьало йина хир йу-кх зандакъоша а.
Турмал бӏаьргаш тӏера дӏа а йаьккхина, шен гӏоьнчий тӏе а кхайкхина, царах дагавелира Іаьлбаг.
– Диламера охьабогӏучу новкъахь ткъех стаг а витий, бисинчаьрга хӏара агӏо дӏалацийта. Хӏинца а дикка хан йу вайн, – элира ӏаьлбага, цаьрга ла а доьгІна. – Зударшкий, берашкий саьнгаршна тӏулгаш кхехьийта. БІаьхоша шайн чІагӏонаш дӏалеца. Муьлххачу минотана а кийча хила мостагІчунна дуьхьало йан.
Дукха хан йаллале Зандакъара схьабогӏучу готтачу новкъахь дошлойн ковра гучуйелира. Уьш гӏумкийн милицин разъездах тарбеллачу йуртларйархоша царах хӏор а тоьпан ӏалашоне лецира. Амма хьалха вогӏург, бисинчех схьа а къаьстина, куьйгаш а лестош, мохь бетта вуьйлира.
– Охӏ! Молла Нуркиша ву-кх иза! –