– Доккхачу дуьнене сирла бӏаьрг ва тоьхча,
Сема ла ва доьгІча, Сурхол сов амал дац,
Хӏай йуьртан тхьамданаш, Сурхо винчу со бабин.
Вехча ца вала вина вац сан жима ва Сурхо,
Вехча вала вина ас сайн жима ва Сурхо, –
Олуш, чуйахара, тов, Сурхо вина ва нана.
Набарна вижина шен жима ва Сурхо,
Йайн муьшка ва йина, ша самаваьккхина,
Тӏаккха лен йелир, тов, кӏант вина ва нана:
– Со йала хьан делаӏ, сан жима ва Сурхо,
Вижина Іуьллу Іуьйре йац хьуна тӏейеанарг,
Хьо веха баьхкина йуьртара тхьамданаш,
Вехча, ас… велла хьо цу йуьртан тхьамданашна,
Дегӏаха мерза са цара хьайга ва дехахь,
Ахь, даккхий, дӏалолахь дегӏаха мерза са…
ГІеттина, араваьлла Адин кӏант Сурхо. Уьйтӏахь лаьтташ карийра йуьртара тхьамданаш:
– Шу марша догӏийла, хӏай йуьртан тхьамданаш,
Шу даккхий дара-кх, со жима вара-кха,
Эхь-бехк хета ва суна, шу дехаре даьхкича.
Дегӏаха мерза са аш соьга ва дехахь,
Ас шуна дӏадели дегӏаха мерза са
Дог реза ва дина, хӏай йуьртан тхьамданаш, –
Олуш, тӏеийцира цо шайн йуьртан тхьамданаш…
Балхийра тхьамданаша шайгара къа-бала. Уьш тӏаьхьа а хӏиттийна, вахара Адин Сурхо эла Мусостан гӏалин керта. Цо эле кхетийра тхьамданийн дехар. Амма эла Мусост оьгӏазе тӏекъевкъира жимачу Сурхона:
– Хьо йелла йалийла, ва Адин ва кӏилло!
И ала йеана хьо, хӏорш тӏаьхьахӏиттийна?
Сихха цӏа йерзалахь, хӏай Адин ва кӏилло!
Ас хир ду аьллариг ва хилла ма даьлла,
Ас хир дац аьллариг ца хилла ма даьлла.
Аш сиха схьалолаш тӏехь йоцу ва йасакх! –
Олуш лен ва ваьлча и эла ва Мусост,
ТІаккха лен велир, тов, и Адин ва Сурхо:
– Хьо йелла йалийла, хӏай эла ва Мусост,
Дада лай хиллий-ц хьан, нана вир хиллий-ц хьан,
Хьо а лай веца хьо, хӏай эла ва Мусост!
Ахь хир ду аьллариг ца хилла ма даьлла,
Ахь хир дац аьллариг ва хилла ма даьлла.
Ахь кӏилло ву боху со Адин ва Сурхо
Йамартчу хьан дайшна цу Моско паччахьо
Совгӏатна белла мохк шерачу аренца,
Цу бацах тайелла, зезаго хазйина,
Хьан дола йирзина охьара и раьгӏнаш,
Хьалха ор ва доккхуш, тӏехьа муш ва бустуш,
Дӏайекъа гӏур ву со мискачу нахана,
Хьо цига дӏавоьллахь, ва эла ва Мусост.
Вай цигахь къастор ду кӏиллониг мила ву!..
Шен дош кхочушдира Адин Сурхос. Шолгӏачу дийнахь цо къехошна дӏабийкъира элана Мусостна паччахьо