Герз караэца, сан къам!
ХьалхатаІа! Маршо йа Іожалла!
Ш. Петефи. Иэшаман эхь
ХІокху тӏаьххьарчу дийнахь, цхьа минот а мукъа йоцуш, массо а хьаьддий-веддий вара полкехь. Хӏоъ луш, тӏе йехк хьоькхуш, шарйеш, Яркхсу чохь лийчош, шайн говрашна гонаха хьийзара дошлой. ЦІандеш, даьтта хьоькхуш, герзаш кечдора салташа. Йаккхий тоьпаш а лаьттара говраш дӏайожа кийчча.
Берриг кечам хиллачул тӏаьхьа, Хаси-Юьртахь резервехь шиъ ротий, йиъ йоккха топпий йитина, кхаа батальонах а, йалх йоккха тоьпах а, гӏалгӏазкхийн кхаа, гӏумкийн цхьана сотнях а лаьтта отряд Яркхсуца хьала лам чу йолайелира.
ГІаттам тӏаьххьара а хьаьшна дӏабаккха, генеральни тӏелатар долош дара тахана.
Самукъане йара салтийн дог-ойла. Масех де хьалха Зандакъана таІзар дан йахана подполковникан Григорьевичан отряд цІа ма йирзинера, цигахь атталла цхьаммо а дуьхьал топ ца кхуссуш. Биллина дІа гІопан пенаш йуккъехь, плацехь йа белхаш беш, сахьийзаш хан токхучу салташна хІара шаьш схьалаьцнарг сакъера арадовлар санна гІуллакх хетара. МаьІ-маьІІера забарш, беларш хезара. Цкъацкъа хьаннаш тІехула раьгІнашца дІасадаьржара салтийн иллийн аьзнаш.
Нохчмахка а, Аьккха а, Салатаве а догӏу некъаш дӏакъевлинера Дегӏастанарчу эскарша, Іаьнда ломахь лаьттара полковникан Накашидзен отряд. ГІойсуца хьала йаржийнера полковникийн Перликан, Тер-Асатуровн отрядаш. Доккхачу эскаран коьртехь Веданара охьавогӏуш вара инарла-адъютант Свистунов.
ГІовттамхошна бовда меттиг ца йитинера цхьаннахьа а. Бутт балале, шен белшашна тӏехь инарлин эполеташ гора Батьяновна. Шеко йац, и мятежникийн гӏера шен коьртахошца цхьаьна цо схьалоцург хиларан. Амма чам бац-кх хӏара толам иштта атта нисбаларан.
Шелана уллохь гӏовттамхойн эшам хилла аьлла даьржича, шайн толамах дог а диллина, Салатаверий, Аьккхарий йартийн векалш баьхкира Батьянов волчу, мятежникашца шайн дозуш цхьа а тайпа хӏума дац, шаьш ӏедална муьтӏахь ду аьлла.
Тахана отряд Аьккхахула чекхйолуш а шайн муьтӏахьалла гайтира бахархоша.