Мацаллой, баланаший хуьйдина азделла догІмаш, йевлла йаххьаш, кортош, халла дегӏан меженаш хьулйеш тӏелхагйевлла бедарш. Амма, цӏа кхаьчча а, и мисканаш, схьа а лоьцуш, Сибрех дӏахьийсош, ӏедал лаьттара бухахь а…
– Тешаме буй хьан доттагӏий? – ойланех йукъахваьккхира иза ӏаьлбага.
Болат, ца кхеташ, дуьхьалхьаьжира.
– Шелара хьан доттагӏий тешаме буй, хоьттура ас-м.
Болатна хаьара дарц дала гергадуйла, амма маца, мичхьара долалур ду – иза къайле йара цунна. Кху Гати-Юьртахь Болатан карахь итт стаг вара, Къайсара омра динчу минотехь, герз буйнахь дойшна тӏе хаа кийчча хила везаш. Стохка дуьйна и итт жима стаг тӏеман гӏуллакхна ӏамош, дикка къа а хьегнера цо. Амма Болатна ца хаьара Къайсарал лакхахь мила ву. Цкъацкъа лакхарчех цхьаъ Берса волуш санна а хета. Амма пехашца цамгаро кӏелвитина иза кху агӏор гучуволуш вацара.
– Тешаме хета суна-м уьш. Амма, доттагІчун хьал бохамехь бен хаац, олуш ду-кх вайн.
Хӏара шиъ дукъа тӏе хьалаваьлча, цаьршинна хьалха схьайаьржира Нохчийн аре. Гӏачалкхан дукъан аьрру агӏонца а, ӏаьржачу ломан когашкахь а Іохкура йаккхийра йарташ: Бӏаьчи-Юрт, Майртуп, Курчалой-Эвла, Эвтара, Шела, Гермчиг.
«Уьш тӏейерзахь, толам хир бу тхан, – ойла йора ӏаьлбага. – Амма хало хир ду-кх. Цкъа-делахь, паччахьан эскарийн гӏаьпнашна уллохь йу уьш, шолгӏа-делахь, ӏедало бустийна дукха нах бу оцу йарташкахь».
Говр хьацаран кӏур йина схьакхаьчначу Къайсара йукъахваьккхира иза шен ойланех.
– Дагадогӏий хьуна, Къайсар, шийтта шо хьалха дӏо Мичка йистехь Хонкара кхелхачу нахаца вай Коьра дӏахьажийна? Симсарна тӏехьарчу Дуьйра-Коьрта а ваьлла, айса аренга бӏаьрг тоьхча, уггар хьалха и сурт даг чу тосу суна-м.
Ша Макка воьдуш а, цӏа вогӏуш а, Турцехь шена мел гиначу нохчочуьнга а доттагӏ хиттира Іаьлбага. Амма ца карийра. Коьра вевзарш гира цунна. Туркойн эскарехь эпсар ву, бохура, иза. Муса-пашин, тохара, нохчий тӏаьхьа а хӏиттийна, Турце ваханчу хӏиричун, Кундухов Алхазан кӏентан Мусин эскарехь.
Коьра мел вевзачу нохчочуьнгахь, цунна тӏекхачаде аьлла, кехаташ дитира ӏаьлбага. ДоттагІчуьнга даймахка цӏаверзар доьхуш. Шен халкъан маршонехьа къийсаме кхойкхуш.