тохарна тӏе хІотталц. Хӏара тӏеман зама йу, господа.
Шолгӏачу дийнахь ӏуьйранна шеца Батьянов а, Самойлов а волуш, Хаси-Юьрта вахара Свистунов. Оцу хенахь цига кхечира Дегӏастанан областан начальник, инарла-адъютант эла Леван Иванович Меликов а.
Шина а областехь хӏоьттинчу хьолах доцца дийцинчул тӏаьхьа цаьршиннан барт хилира, цхьана хеннахь цига йиъ отряд а йахийтина, сихачу тохарца Салатавица дерг цхьана дийнахь чекхдаккха.
Нохчмахкарий, Салатаверий гӏаттам хьаьшна чекхбаьлларг лерина, бехкечарна таІзардар дийцаре дан долийча, галморзахаллаш хилира шина инарлин. Меликовс схьахьедира, гӏаттамехь дакъалаьцна дегӏастанхойн йарташ, цхьа а са бухахь ца дуьтуш, лаххьийна Россин малхбалерчуй, къилбаседерчуй губернешка дӏакхалхо шен сацам хилар. Изза таІзар дар доьхура цо Теркан областехь а.
– Иза дойла йац, Леван Иванович, – корта ластийра Свистуновс. – Данне а дойла йац. Шаьш кхалхор вайна дагадеанийла хиъча, лахкабелла хьаннашка гӏур бу нохчий. Тӏаккха уьш цигара схьабаха цхьа-ши шо хан а, бӏе эзар салти а везар ву суна.
Меликов резавоцуш вусавелира.
– Хаац, Александр Павлович, – элира цо къорра. – Хьайн областерчу кхечу йартех хьайна луъург де, амма дегӏастанхойн кхаа йуьртана – Диламний, Алмакханий, Миатланий – таІзардар сан лааме дала деза ахь. Царах къинхетам а бина, и ун йерриг а Дегӏастана доржуьйтийла йац сан.
– Ахь хӏун дуьйцу, Леван Иванович? – корта ластийра Свистуновс – Иштта мегар ма дац. Вай цхьана пачхьалкхехь, цхьана законаш кӏел ма деха. Таӏзарш а хила деза царна а, вукхарна а цхьатерра.
ГІуллакх къовсаме даьлча, дагавала полковникаш Самойлов, Перлик а чукхайкхира цаьршимма. Самойлов сацамболлуш дуьхьалвелира салатавхойн кхо йурт кхалхорна.
– ГІаттамехь даррехь дакъалаьцна нах-м таӏзарх кӏелхьарбевр бац. Амма церан къена дай-наной, зударий, бераш а махкахбахарна сацамболлуш дуьхьал ву со! Уьш шийлачу къилбаседе йа малхбузен йовхачу аренашка кхалхор а, меллаша йогучу цӏергахь багор а цхьаъ ма ду. Цхьа шо далале, цхьаъ дийна ца вуьсуш, берриг а лийр бу уьш цигахь.
– Уьш кхалхор пачхьалкхана оьшуш гӏуллакх хилча? – хаьттира Меликовс.
– Суна хетарехь,