геннара дуьйна мохь оьхура цуьнан. – Салатавхой муьтӏахьалла дохьуш баьхкина!
– Хӏун боху цо? – Батьяновгахьа вирзира вуьшта а ирча акцент йолчу Шайх-Махьмас воккхавер тӏехдаьлла беттачу маьхьарх ца кхетта Свистунов.
Батьянов дика кхеттера Шайх-Махьмех, амма гӏуллакх иштта бакъахьа дирзина бохучух ца тешара цуьнан лергаш.
– Салатавхой, къера хилла, тӏебогӏуш бу, боху-кх.
– Бакъдуй иза? – хаьттира инарлас, схьатӏекхаьчна, вехьаш садоьӏучу пуьрстоьпе.
– Бакъду, хьан локхалла! – марсайаьллачу шен говро санна, мераӏуьргаш сийсайора Шайх-Махьмас. – Шаьш сонта хилла, лелийначунна дохкодевлла, хьан локхалле шайна гечдар деха догӏу шаьш, боху!
– Кхетаме баьхкина? Дохкобевлла?
– Шайн лаьмнашкара охьахьаьвсича, нохчийн йарташ йогуш гина царна, хьан локхалла…
Александр Павлович, корта курра агӏор а саттийна, месалчу мекхех куьг хьоькхуш, Самойловга вистхилира:
– Ас ца элира шуьга, Михаил Иванович, бетах хӏума тохаро бен и акхарой берта далор дац?
Оцу хенахь отрядна тӏекхаьчна салатавхой, коьртара куйнаш а даьхна, командующина хьалха гора ийгира.
– Хӏан, хӏун боху аш? – хьаьжа йуккъе шад гулбина, дуькъа цІоцкъамаш а дусийна, тобанна тӏевирзира командующи.
Эттӏа кетарш, чоэш дуьйхина, коьртахь кхакханан хуцӏара куйнаш, когахь йакъайелла неӏармачаш, туьйдина кӏархаш а болуш, атталла йукъахйихкина шаьлтанаш а йоцуш волу кхо бӏе сов стаг, кортош охкийна, лаьттан бӏаьра вогӏавелира.
– Жоп ло суна, стенна даьхкина шу? – тӏечевхира Свистунов.
Тобанна хьалхарчу могӏарехь гора лаьтта карахь баьццара байракх йолу, некхан ваз даьлла, хӏетта къежвала воьлла зоьртала хьаьрса суьйли Дацаевга хьалахьаьжира.
– Шайх-Махьма, алал вайн сардале, – вистхилира иза. – Тхаьш ӏехаделла лелийначу гӏуллакхна тхо дохкодевлла. Тхаьш лелийнарг гӏаддайна лелийна оха. Хилларг дӏадаьлла. Тхайх къинхетамбар доьху оха сардале…
– Шу дарий мятежникашца? – хаьттира Свистуновс.
– Дацара… дерриг дацара.
– Бехкениш мичахь бу?
– Уьш цӏахь бисина, сардал.
– И тӏелхигаш стенна йеана аш? – байракхашна тӏе пӏелг хьажийра Свистуновс.
– Тхаьш къера хиларан тоьшаллина, хьоьга дӏайала…
Александр Павловичан мера