Оьший-те, доттагӏий, дийца
Тӏаккха ас мел хьегнарш, лайнарш?
Амма цхьаъ луур ду дийца –
Массанхьа хӏораммо ӏехош,
Бо санна, со цхьалха лелар…
М. Ю. Лермонтов. «Корсар»
Шелахоша эккхийна ӏаьлбаг Нохчмахка йухаваларх боккха кхаъ хилира гӏалин мещанашна. Хьалхарчу кӏиранах буьйсанна тийна хилла урамаш йуха а самадевлира. Тӏаьххьалц хезара самукъане эшарш, пондаран аьзнаш, беларш.
Кхерамах кӏелхьардовларна Далла хастам кхайкхош, гӏалин килсехь леррина ламазна нах вовшахтуьйхира Викентийс.
Цкъачунна сацийра гӏала чагӏйаран гӏуллакх а.
Областан кхечу маьӏигашкара Нохчийчу схьауьйзу эскаран дакъош хӏокху гӏалахула чекхдуьйлуш ца хилча, кхин хӏумано а дага ца боуьйтура лаьмнашкара гӏаттам.
Гӏаларчу бахархошкара гӏо деха ӏаьлбага схьахьажийначу Васалий, Овхьадий эрна денош дайъира кхузахь.
Наха дуьйцург хаа луург базара йа килсе ваха веза. Шен гӏуллакх базарара дӏадоло атта а, шена самукъане а дара Васална, амма, гӏала ма-кхеччинехь, цунна хезнера, хӏокху кӏирандийнахь кхузарчу мозгӏаро килсехь инзаре тамашийна хьехамаш бийр бу бохуш. Цундела цкъа хьалха килсе вахара Васал. Хӏара мел муьжгийн духарца кечвеллехь а, шен леларца аьттехьа а ца вогӏура гӏалин бахархошца. Шен къомах хаьдда даьккхинчу ткъе итт шаро буххенца дуьйна амалш, гӏиллакхаш, тӏехулара аматаш а хийцинера цуьнан. Амма хӏокху Теркан гӏалгӏазкхийн а дара нохчашца йукъара дуккха а хӏуманаш. Гуттар хьалха кхуза баьхкинчийн амалш, гӏиллакхаш-м хьовха, сибаташ а тарделлера нохчийчех.
Цундела цхьа а шеквацара хІокхунах, хӏара килса чу веъча.
Адамаша тӏанк-аьлла йуьзнера килс. Хьалхара ах дӏалаьцнера гӏалин ӏедалхоший, эпсарший, хьалдолчу совдегарший. Царна тӏехьа – гӏалахойн йуккъера чкъор, кегийра гӏуллакхчаш, мещанаш. Гуттар неӏарехьа, вовшашна тӏеттӏатаьӏна, лаьттара кегийра долахой, белхахой, пхьераш.
Васал леррина хьоьжура, дашо варкъ дуьллуш, тховх а, пенаш тӏехь а пайхамарийн, апостолийн а, Библин сюжеташна а дехкинчу суьрташка. Тховх а, пенашца а богӏучу масех бӏе чӀурамо къагийнера чоь. Дукхе-дукха хан йара Васална хӏара сурт ганза.