воӏарий хьеста. Тӏаккха, велча а, шек ца волура.
Эххар а тӏекхечира сатийсина де. Ши бутт хьалха цхьана буьйсанна Къайсарца цхьаьна Мӏаьчиган мискачу хӏусаман неӏарх чоьхьавелира маж-корта а даьлла, беркъа вухавелла къона стаг. Шена тӏе а кхетта, цо ша къевллина маравоьллича, цкъа цецвелира, тӏаккха вуьйхира МІаьчиг. Дага-м деара цунна, ша дукха сатийсина кӏант ву-те хӏара аьлла. Цунна маракхеттарг Коьра бен хуьлийла дацара. Амма, шен белшан бакъабеллачу ӏайга чохь довха бӏаьрхиш хаадаллалц теша ца ваьхьара. Дуьнен чохь кхин цхьа а стаг ма вацара, оццул доггах МІаьчигна маракхетта, велха. Уллохь лаьтта Къайсар вицвелла, декъачу пхьаьрсашца кӏант маракъуьйлура цо. Куьйгаш хьоькхура букъах а, йуьхьах а. Ткъа кӏорге кедаш чу хевшина бӏаьрса гӏелделла бӏаьргаш кӏентан бӏаьргаш чу хьуьйсура, мацах цкъа шен даг чу дийшина хьомсара аматаш лоьхуш. Мел къонахалла тӏегулйарх а, ницкъ ца тоьура кийрара арагӏерта мохь сецо. Массо пха тӏебаьллачу озачу логаца хьала-охьа уьдура ира логашад. Мӏаьчиган чӏениг а, балдаш а дего дуьйлира. Эххар а, иза вилхира, шен къоьжа корта кӏентан ондачу некха тӏе а таӏийна…
Вилхира. Дог ӏаббош. Мацах, шийтта шо хьалха, Хонкарахь цкъа цхьана йоьхначу буса, йоьӏан докъана улло а хиъна, вилхичхьана, сих-сиха воьлхура Мӏаьчиг. Изий, цунна хьалхий-тӏаьхьий дӏаихна гӏайгӏане йеха буьйсанашший дага масазза йогӏу. Хаддаза дагахьбаллам боллура, доьзал эцна, ша хийрачу махка вахарна, цигахь зудий, берашший мацалла даларна. Цо ма бигнера уьш цига. Зудчун а, берийн а бертаза.
…МІаьчига ойланаш йора, мангал а лестош. Дагалоьцура Хонкарара цӏа вогӏуш шаьш бина хала некъ. Дийнахь – лаьмнашкахь, хьаннашкахь лечкъаш, буьйсанна – некъ беш…
Ткъа винчу махка цӏа кхаьчча, хӏун хилира МІаьчигна? Схьа а лаьцна, Хонкара йуханехьа вахийта хьовзийра-кх. Оцу жоьжахате. Амма Мӏаьчига чІагӏо йинера, шена чохь са а долуш, кхин Хонкара ца ваха. Тӏаккха Сибрех вахийтира иза. Цигахь кхо шо а даьккхина, цӏа веара МІаьчиг. Даймахкахь боберах хан такха. Къанвеллачу хенахь…
Коьра цӏахь ву хӏинца. Даймахкахь. Амма Мӏаьчигна моьттург ца хили. Кӏантана зуда йалор бохург-м хьехочохь а