аьххьара тӏелатар инзаре хала йухатуьйхира хӏокхара. Кхачош доллура хӏоъ-молха а. Мостагӏ кхидӏа сецалур ву бохург хьехочохь а дацара. Ткъа ӏаьлбагера а цхьа а тайпа хаам бацара.
Дерригенах догдиллинчу хенахь тоьпийн къекъарна йуккъехула ӏумаран аз хезира Къайсарна.
– Къайсар! Къайсар! Іаьлбага йухадовла боху шуьга…
Вала тӏе а ваьлла, чухьаьжира Къайсар. Керлачу штурмана кечлуш бара салтий. Генадоццуш, вала тӏе боьжна, иккхинчу йоккхачу тоьпан хӏоьо дӏасий, хьалий тийсира охьайехкина дечигаш. Чаччамаша, хедош, тӏеделхийра диттийн генаш.
– КІентий, йухадовла! – мохь туьйхира цо. – Чевнаш хилларш эций, йухадовла! Ловда!
Хӏоьънех лечкъича санна, хьалхарчу дечиг кӏел корта а таӏийна, топ а карахь гора лаьтта Ловда схьа а ца хьаьжира.
– Ловда!
Амма Ловда вист ца хуьлура. Хьаьдда тӏе а вахана, белш лаьцна, Къайсара меттахъхьавича, дӏахаьрцинчу цуьнан, ангали санна, хӏиттина, йекхна стигал санна, сийна, доза доцуш гӏайгӏанах буьзна бӏаьргаш Къайсарна тӏебогӏабелира. Ловдин карара топ охьайуьйжира. Хӏинца а шелвалаза волу иза, пхьаьрсаш кӏелхьара схьа а лаьцна, такхийна охьа а ваьккхина, цуьнан меженаш а нисйина, бӏаьрнегӏарш тӏекъевлира Къайсара.
– Элса! Юсуп! Янаркъа! Аьрсамирза! Шу соьца совца, ткъа бисинарш, чевнаш хилларш а, Муртазан дакъа а эций, йухадовла!
– Бисинчийн декъий ткъа?
– ӏаддадита…
Веа накъостаца вала тӏехьа меттиг дӏалецира Къайсара. Шайн ницкъ ма-кхоччу салтий сеца а бина, шен бӏаьхошна тӏаьхьа хьуьна чохь къайлавелира уьш пхиъ.
5
Кхаа дийнахь лардира гӏовттамхоша Коьжалкан-Дукъ. Йуьхьанца дуьйна хӀокху дийнан чаккхе гучу цара хьалххе билгалбинера йухадовла цхьаъ бен боцу дукъан малхбузен йистехь лекхачу бердах текхна чушершинчу меттигехула чубуссу гӏашлойн готта некъ. Лаха чохь къена бӏешеран йуькъа хьун йара маситта чаккхарма йаьржина. Иза эшначийн тӏаьххьара туш дара.
Къайсар шен накъосташца цига дӏакхаьчча, бердан йистехь хӏоьттина лаьттара ӏаьлбаг а, Коьра а. Доттагӏийн йаххьаш кхоьлина карийра Къайсарна. Коьрин аьрру пхьарс бара коча тесна. Ӏаьлбаган гӏовтал а, куьйгаш а дара цӏийша дуьзна.
– Биснарш мичахь бу? – хаьттира Къайсара.
–