лаьцна, хӏоьттина лаьттара Айза. Кӏанта, тӏе а веана, ша мара йоьллича, цкъа хьалха балдаш, тӏаккха чӏениг йегийра цуьнан, хьех кӏорге чухиъна ши бӏаьрг хих буьзира.
Хӏорш дара-дацара ала а кхиале, дагарш карахь тӏевеара хьуьнхара араваьлла Васал а, Мӏаьчиг а. Хазахетар тӏехдаьлла зударий боьлхура, шайн хеттаршна Іумар жоп дала а ца вуьтуш.
– Дитал шайн белхарш, – човхийра уьш МІаьчига. – Дийцал, муха хилира тӏом, вийнарг, чов хилларг вуй? Ӏалелай, ма дукха эскарш оьзнера цига! Зингатийн туьйлиг санна, сийсадора-кх цара и цигара ӏаннаш а, хьаннаш а!
Айзас хьолтӏамаш йешшехь, Іумара сих а ца луш дийцира Коьжалкан-Дукъахь хиллачу тӏамах а, шайн эшамах а лаьцна. Виъ йуьртахо вийна аьлча, зударийн белхар иккхира. Болатах хилларг хаа лууш, Деши синтем байна хьийзаш гинчу ӏумара, зударийн белхар дӏатийча, цунах шена хуург дийцира.
– Болат вацара тхоьца. Иза Басса тӏе хьажийна имамо, цигара йарташ гӏовтто.
– Хӏета. Ловда вийна-кх, – гӏайгӏане вистхилира Васал.
– Вийна, Васал.
Васал, хьала а гӏеттина, шен жоммагӏа пхьаьрса кӏел доьллина, меллаша хьуьна чу волавелира.
– Ахь хӏун до, Васал? – тӏаьхьа мохь туьйхира Мӏаьчига.
– Жимма кхарста воллу со, – йуха а ца хьожуш, къоро жоп делира Васала.
– Йай схьаболуш боллу, собарде жимма, – йухакхайкхира иза Айзас.
Амма Васал, йуха а ца хьожуш, корта а таӀийна, меллаша ког боккхуш, хьуьн чохь къайлавелира.
Мӏаьчиг хьалагӏеттира:
– Мисканна ша лайнарг карладаьлла, – элира цо, доккха са а даьккхина. – Цунна тӏаьхьавоьду со.
– Ой, йуург ма йу схьайолуш, – оьгӏазйахара Айза. – Аш лелориг хӏун ду, дан мукъане а?
– Аш йаа, охашимма тӏаьхьо йуур.
Шина гажарга тӏехула пурх тесначу хьокханах кхозу цӏестан йай, хьокханан ший а маьӏиг лаьцна, айъина лаьтта а хӏоттийна, серех дуцуш динчу чоьлпица хьолтӏамаш текха йаха йуьйлира Айза.
– Сингаттам бу-кх хӏара дуьне, – балхамаш бан хӏоьттира иза. – Хаац-кх, Дала мича къиношна до хӏара таӏзар. Дала къина а ма лорийла, шовзткъе итт шарахь дуьнен чохь йаьхча, цхьаъ мукъана а ирсе де ца гина бохург эхь ду-кх. Хӏор а денна адамаш ду дойъуш, йарташ йагайо, Сибрех хьийсабо. Летарх, къийсарх, ва Дела аьлла, нислуш хӏума дац. Ца оьшура хӏара