меттах ма хьедел.
Бармийн генаш лаца кечбелла нах охьакхевддинчохь бисира. Цецбевлла севцира хьалха дӏабуьйлабелла баккхийниш а.
– Ахь дуьйцург хӏун ду? – йукъара схьа а ваьлла, Асхьадна хьалха хӏоьттира Акхта.
– Пурстоьпан бакъо йоцуш стаг дІа ма воллийта, аьлла соьга, – тӏехьа шен накъосташка бӏаьрг туьйхира Асхьада.
– Хьо мила ву?
– Со мила ву ца хаьа хьуна?
– Тахханалц-м Хортӏин къутӏа ду хьо, тахана хьо мила хила гӏерта-м хаац!
Асхьадан стаммий, тӏеда балдаш кӏайделира, карзахйаьллачу говран санна, сийса йуьйлира мераӏуьргаш.
– Со паччахьан ӏедало кху йуьртах жоп дала хӏоттийна стаг ву-кх.
Акхта, шен шуьйра цергаш гучу а йохуш, велавелира.
– Стенна воьлу хьо? Хьо хьанах ца веша? – багара шетийн дарц тухуш, мохь хьаькхира Асхьада.
– Йуха ахь бага гӏаттайахь, кхин а диъ дакъа дӏадуллур ду хӏокху йуьрто, – тӏевеара Къайсар. – ДІа генайовла, чагӏалкхаш!
Нахана йукъахь гӏовгӏанаш йевлира. Масех жимачу стага герзех катуьйхира.
– Кхин эхь ца хеташ, схьа а баьхкиний-ц!
– Кадам бар а дац!
– Вай дӏадухкурш, адамаш доцуш, жӏаьлеш долуш санна!
– Йовсарш!
– Лахка уьш.
Гӏуллакх генадала доллийла хиъна Асхьадан кхо накъост, шайгара герз ца хьадеш, масех гӏулч йуха а ваьлла, сих-сиха йуха а хьожуш, генавелира.
– Собар цкъа, оха йийр йу шун болх! – маьхьарий деттара наха.
Накъостий бевддийла хиъна Асхьад, дуьхьал вист ца хуьлуш сецира. Шен гӏорасизаллина оьгӏазвахана, балдаш дегадора цуьнан.
– Хьовсур вай, мила тоьлу! – мохь туьйхира цо, бармаш айъина, нах дӏабуьйлабелча. – Ас сайн зудчун кортали туьллур ду-кх, нагахь кестта шух цхьадерш кешнашка, дисинарш Сибрех ца гӏахь!
– Хьо мича ваха воллура тӏаккха? – элира тӏаьхьависинчу Янаркъас, йуха а вирзина. – Хӏокху махкахь ваха ца деза хьан? Йа стигала вер ву хьо, йа лаьттах воьр ву хьо? Йа кхузахь хьо ларвеш салтий ӏийр бу, моьтту хьуна? Оха кӏур бойъур бу хьан, хьакхин херси!
Нах кертан маьӏӏехула дӏахьовззалц а ӏийна, шен накъосташна тӏевахара Асхьад. Шен даг чохь ІаьІна оьгӏазалла царна тӏеӏанийра цо.
– Стенна йевдда шу, пхьагалш? Цул, шайгара герз шайн зударшка деллехь, кӏиллой!
Кхерабалар дӏадаьлла, хӏинцца меттабаьхкинчу накъосташа башха тергал а ца вира