арадевлча, тӏаьхьа мохь а тоьхна, масех стаг сацийра Акхтас.
– Шайн доьзалш ган кхо сахьт хан йу шуна. Тӏаккха герзашца, шина-кхаа денна пхьор а эций, маьждиган майдана гулло. Иза дӏакхетаде берриг накъосташка.
Янаркъас, куйна кӏел куьг дахийтина, коьртах мІараш хьаькхира.
– Доьзалш лохуш дӏадер ду и кхо сахьт, – элира цо дегаза. – Уьш мичахь бу хаац.
– Дӏогахула вогӏуш ӏумар ву, – регӏара охьабогӏучу некъа тӏе пӏелг хьажийра Къайсара. – Цунна хуур ду уьш мичахь бу.
Нах дӏасабахча, шаьш висира Къайсар а, Овхьад а.
– Хьуна гиний хьайниш? – хаьттира Къайсара.
Овхьад гӏайгӏане велавелира.
– Гина. Да гина суна. Ца гинехь а, хӏумма а дацара.
– Хӏета, цхьаьний дукъа валий вайша?
…Тоьхначу хенахь йуьрта кхоччург аьлла, Шал-Дукъара йухавирзина Къайсар а, Овхьад а маьркӏажехь меллашчу боларехь ӏаьрчхин боьра воьссира. Седарчаша йуьйдинчу йекхначу стигалахь меллаша малхбузехьа дӏашершара сирла, горга бутт. Некъана шина а агӏор йекара цаьпцалгаш, чилланаш. Йукъ-кара буьйсанан олхазарийн маьхьарий а, чагӏалкхийн летар а хезара. Цкъацкъа некъ хадош чекхъоьккхура талла арадаьлла цхьогал.
Овхьада дуьйцура шена хезна керла хабарш. Дийцарехь, туркойн тӏамехь дика дацара паччахьан эскарийн гӏуллакх. Хӏинца цкъа уьш йухадуьйлу. Нохчийн полкера цхьацца йарташкара масех стаг цӏа веанера чевнаш хилла. Бевдда баьхкинарш а бара.
Хӏара шиъ, ӏин чу а воьссина, беттасин серлонга ваьлча, букъа тӏехьара схьайаьллачу тоьпо Овхьадан коьртара куй кхоьссина дӏабахийтира. Цецваьлла цкъа дӏаса а хьаьжна, тӏаккха сиха гира тоьпаш схьа а йохуш, говрийн вортанаш тӏе охьатаьӏира и шиъ.
– Говр лалла! – аьлла, шениг, човхийна, хьалха дӏахийцира Къайсара. Амма хӏара шиъ дуьхьал басахь хьуьн чохь къайлавала кхиале, йуха а йаьллачу тоьпан дӏаьндарг Къайсаран лерехь шок тухуш чекхъиккхира. Жимма лакха къайленга ваьлча, говраш йуха а оьзна, сецира и шиъ.
– Хьуна чов-м ца йина? – хаьттира Къайсара.
– Ца йина. Цхьа пӀелг виси. Хьуна хиллий хӏумма а?
– Мӏаьргонна лерг дӏатосура!
– Лерг-м хӏун дара. Цхьа хӏума доцуш, хье тосуьйтура шингге а.
– Цхьа топ йара-кх и шоззе йаьлларг?
– Нийса а йеттара дена неӏалт хиларо!
– Вайшинна йина