долчу кхойкхура. Александр Павловична хьалххе гора ӏаьлбаге Органан округ гӏатталахь Жима Нохчийчоь кхерамна кӏел йужург хилар. Цигахь летта цӏе Йоккхачу Нохчийчу йаьржар йу. Гӏалгӏай а ӏа ӏаьлбагах дӏакхета куьйгаш кӏамделла, иза жимма а улло кхачаре сатуьйсуш.
Ӏедална уггар муьтӏахь йу бохучу Шелахь а селхана адам карзахдаьлла. Ӏаьлбаган векалш: гуно Хьаькам а, гиххо Коврнукъа а, Жима Нохчийчоь гӏатто гӏерташ, цигарчу йарташкахула хехкалуш ву, боху. Гӏалгӏайчохь сема тергам латтор подполковникна Базоркинна тӏедиллина Александр Павловича.
Тӏаьххьарчу хенахь Анатолихь оьрсийн эскарийн эшамаш хиларо меттахъхьабина гӏебартой а, кхарачой а. Стохка, луьра таІзар дина, дӏатебина саной, тӏехула шаьш ӏедална муьтӏахь бу а моттуьйтуш, къайлах тӏетаьӏӏина молха а, тӏаьхьалонна йалтийн рицкъанаш а кечдеш бу, боху…
Ша кӏелхьарбаьхначу нахаца отряд а стамйина, йогучу Махкатӏехула чекх а ваьлла, Хоттаний, Тевзаний а гӏаттийна, царна тӏехь куьйгалладар ӏабдул-Хьаьжиний, Тангӏайний тӏе а диллина, Чӏебарла сихвелира ӏаьлбаг.
ХІинца Чӏебарла эккхалахь, мелла а кхиаме догдохийла йара цуьнан. Цигара дӏа цуьнга ладоьгӏуш ӏийр бу Симсарахь – Нурхьаьжа а, Къосам а; Бенахь – Солтмурд,
ЦІоьнтарахь – Сулиман, Гуьнахь – Гӏубха а, Басса тӏехь – ӏабдул-Хьаьжа а, Тангӏай а; ӏаьларойн йарташкахь – Тозуркъа а. Ӏаьлбаган хаамца, цара и йерриг йарташ гӏовттор йу. Ӏаьлбага хӏинца а дог ца дуьллу Дегӏастанах а. Сих-сиха геланчаш хьийсабо цига. Амма цигарчу тхьамданаша йа дог а ца дуьллуьйту, йа гӏаттам а ца болабо. Тахана-кхана бохуш, денош а дохкуш Іа. Ткъа ӏаьлбаг кхузахь, цкъа – цхьанхьа, тӏаккха – кхечахьа уьдуш, ваьлла лела, гӏуьттучу йартех цхьа буй бан гӏерташ. Хӏокхо цхьанхьа масех йуьртаца дуьхьало йечу хенахь йисинарш паччахьан эскарша дӏатаӏайо. Аьккха, Салатави, зандакъойн, бенойн йарташ гӏевттича, Хулхулоций, Бассаций, Чӏебарлаххьий тийна ӏийра. Меттахйала ца йаьхьира Нохчийн аре а. Хӏинца таьӏна ӏийна Нохчмехкан къилбехьара йерриг а йарташ цхьатерра гӏевттина. Ва Дела аьлла, гӏуллакх долалац Чӏебарлахь. Залмин Дадас шен ницкъ кхочург до, амма цуьнан накъостий цкъа а бӏеннал сов ца бевлла.